Кху беттан 16-чохь Нохчийчуьрчу хIусамна тIе доьжна дайн кема хIаваэ гIатта бакъо йоцуш хилла. ТАСС агенталле бина и хаам ницкъаллийн структурийн декъерчу хьостано.
Хьалхо хааме даьккхира, юьртбахаман дезарш кхочушдечу хенахь тоькан серех а хьакхалуш, Дагестанерчу 66 долчу пилота урхалла ден Ан-2 кема Новощедринерчу нехан хIусамна тIедоьжна аьлла. Оцу цIа чохь веха виъ стаг а, пилот ша а дарбан хIусаме кхачийнера. Масийтта сахьтана ток йоцуш бисира масех юьртара нах.
Хиллачу инцидентан гонах талламаш болийна.