ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламчаша бехк кховдийна Саутиева Зарифе


ГIалгIайчуьрчу яхархочуьнга Саутиева Зарифе бехк кховдийна, Зазадоккху-баттахь Магасехь митинг йоьдучу хенахь Iедалан векалшна дуьхьал ницкъ вовшахтохарна аьлла, хаамбина адвокато Дзугаев Билана. КарабогIучу беттан 11-че кхаччалц лаьцна юьту иза. Адвоката бахарехь, талламан органаша Саутиева бехкехиларх шайгахь тоъал тоьшаллаш ду аьлла.

"Саутиевас шега хеттарш дечу заманчохь дIахьедина, ша бехке цахилар. Цул совнах, цо дехна талламчашка ша цхьана а йолуш митингехь ша тIехь йолуш яьккхинчу видеога хьажар, ша гунахь йоций уьш тIекхиорхьама", - аьлла Дзугаевс. Кху беттан 13-чохь лаьцна Саутиева Нальчикерчу изолятор чохь латтош ю.

Охан-баттахь Магасан кхело администсративан гIуда кхачийра Саутиевана. 20 эзар сом гIуда такха декхаре йира иза.

Мемориалан комплексан директоран гIовсан даржера а дIаяьккхира иза, амма Магасан кIоштан кхело юхадIахIоттийра. Стигалкъекъа бутт бовш керла хIоьттинчу Мемориалан комплексан директоро юха а дIаяьккхира иза балхара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG