Тверь гIаларчу урамашкахь латархочун Ефимов Андрейн Кавказера гергара нах лоьхуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Хьалхо дIахьединера цо, шен бакъйолу цIе Алимерзаев ИбрахIим а ю, шен нах лоьхуш ву ша аьлла.
"Комсомольская правда" газетано яздарца, документашца а догIуш, ши бутт хан йолчу хенахь Тверерчу зудчо шен цIартIе ваьккхина хилла и кIант. Амма иза ца теша, шен дас а, нанас а ша дIавелла хир ву аьлла. Социалан машанашкахь Ефимовс шен да-нан нохчий хилла, ша шен гергара нах лоьхуш ву аьлла, яржийна видео гинчул тIаьхьа, цунна орцахваьллера Тверан кIоштара Кадыровн векал Тарамов Хьасан а, меттигера диаспора а.
"Тхойшиъ цхьанакхеттера, ас цуьнга аьлла, маьршша Нохчийчу ван йиш ю хьан, хьоьга сатуьйсур ду цигахь. Республикехь жигараллица лоьхуш бу цуьнан гергара нах, амма цкъачунна хууш хIума дац. Ефимов Нохчийчу ваха кечам беш ву",- аьлла Тарамовс.