ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киевехь вийначу журналистан Шеремет Владимиран гIуллакх тергоне эцна Зеленскийс


Вийначу журналистан Шеремет Владимиран хьокъехь кхеташо дIаяьхьна Украинан президенто Зеленский Владимира. Журналист вийна рогIера шо кхочуш фейсбукерчу шен пена тIехь бина цунах хаам президенто.

Кхо шо хьалха Киевехь эккхийтира "Украинская правда" газетан редактор, зулам хIинца а листанза ду. Дуккха а шерашкахь Оьрсийчохь а болх бина, ша веле ши шо хьалха Украине дехьаваьлла Белоруссин оппозицин журналист вара Шеремет. 2016-чу шеран Товбеца-баттахь цуьнан машенна буха оьккхуьйтург йиллинера. Талламчаш тешна бу, иза веран бахьана цо бечу балхаца доьзна ду аьлла. Иза верна бехке Украинан, Белоруссин, Оьрсийчоьнан Iедалхой хила тарло аьлла, дуьненаюкъара таллам байтар хьехнера журналисташ Iалашбаран Комитето.

Шоьтан Iуьйранна Киевехь Шеремет вийначу меттигехь хIиттийра иза дагалоцуш барамаш, хаамбо Маршо Радион украинхойн сервисо. Иттанашкахь журналисташ баьхкинера цига. Iамеркан гIуллакхашкахула Украинехь волу векал Тейлор Уильям а веара акци.

Зеленскийн офисо а хаамбина, Шереметан гIуллакх Украинан керлачу президенто шен контроле эцна хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG