ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петарбухара ши ламталлархо велла ГIебарта-Балкхаройчохь


Бохам хилла кху кIирандийнахь ГIебарта-Балкхаройчоьнан лаьмнашкахь, чхарнаш тIера хецавелла, чувоьжна ши ламбаккхархо, хаамбо мехкан орцан министралло.

"21.07.2019. 16:40 хан йолуш ГIБР-н Орцан министраллерчу бохамаш луьстучу Центре хаам кхаьчна, Черекан кIоштахь Укю-Iинехь нах леха болийна, аьлла. Юхьанцарчу информацица, Петарбухара 2 турист хецавелла Урал лома тIера (локхалла – 4300 метр)", - боху пресс-релизо.

Бахарехь, ламталлархойн "Безенги" куьпахь сецна хилла спортхойн тоба. Бохам хилла меттигашкахула чехкбовлуш бу орцанхой кху муьрехь.

Петарбухарчу "Фонтанкас" йовзийтина кхелхинчийн цIерш: Семенихин Константин а (25 шо), Капицин Даниил а (21 шо).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG