ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Миллион гектар гергга хьун йогу Сибрех


Красноярскан, Иркутскан мехкашкахь миллион гектар гергга хьун ю йогуш. Оцу хьокъехь хаам баржийна Красноярск мехкан цIеяйархоша а, Иркутскерчу орцан дакъоша а.

Красноярск-махкахь оршоьтан Iуьйранна 102 цIеяйархойн тоба яра йогу 652 гектар хьун кIелхьаръяккха араяьлла. Иркутск-махкахь болхбо 100 тобано йогучу 262 гектара тIехь.

Урхаллаша бахарехь, церан тергонехь ю йогуш лаьтта массо а меттигаш. ЦIеяьхначу мехкашна гонахарчу кIошташкахь а йогу хьаннаш, амма уьш мелла а кIезиг ю.

Красноярскан махкахь хьаннаш ягарца доьзна, луларчу Кемеровохь кхайкхийна "Iаьржа стигал" олу хьал. Индустрин дакъош декхаредина кIуьр боккху белхаш ханна совцо. Болчу хаамашца, кIур хаало цIе йогучу меттигашна дуккха а генахь.

Хьалхо яьржинчу информацица а догIуш, Красноярскан махкахь кхузза гергга сов кIурз бу хIаваэхь. КIур баьржина луларчу Новосибирскан а, Томскан а мехкашкахула, хаало Хакасехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG