ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къевлинчуьра схьаяьстина гIалгIайн "Фортанга" сайт


Оьрсийчоьнан IT-технологешна тIехьожучу Роскомнадзоро кIира хьалха дIакъевлина хилла гIалгIайн оппозицин "Фортанга" сайт схьайиллина юха а. Оцу хьокъехь хаамбо "МБХ медиа" хьасто.

Делахь а, редакце цуьнан сайт схьайоьллу аьлла хаам бина бац, боху портал кхоьллинчу Бузуртанов Ахьмада.

"Тхаьш дIакъовлий ма хиъинехь, тхан юристо хаам бахьийтира Роскомнадзоре. Оха орца дийхира федералан урхаллашка, амма жоп ца деара, ткъа тахана хааделла тхуна, тхешан сайт маьрша хилар", - элира цо.

"Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, кху беттан 14-чу дийнахь дIакъевлира Роскомнадзоро "Фортанга".

Сайташ къовлар довзуьйтучу реестро хаийтира Ростов махкарчу Батайск гIалин кхелан сацамца " Fortanga.org къовлуш хиларх лаьцна. Ткъа тамашениг ду юьйцучу кхело шен сацам 2013-чу шарахь тIеэцна хилар а, ша "Фортанга" 2018-чу шарахь бен юкъаяьлла а яцар.

Роскомнадзоран реестро бахарехь, кIира хьалха сайт къевлира 2−2933/2013 гIуллакхах а йоьзна. "МБХ медиано" дийцарехь, хIетахь Батайскерчу кхело "ВКонтакте" машанехула "экстремизм" яржорна бехкеен цхьа агIо дIакъовла кхайкхийнарг. Иза дIакъовлар дехнера меттигерчу прокуроро.

Буьйцу 2013-чу шеран сацам бу интернетехула ган йиш йолуш, амма ца довзуьйту цо йоьхкучу "ВКонтакте"-агIонан адрес.

"Фортанга" Telegram-каналан администратор Майсигов Рашид лаьцна итт де хьалха. Наркотикаш лелорна бехкево иза. Шена и зуламе коьчал ницкъхоша бухакхоьссина, чIагIдо ша Майсиговс. Цуьнан адвоката Аушев Мохьмада дийцарехь, ток етташ хьийзийна Майсигов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG