ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iайша, дейишас йиттина йоI, хьалхалеррачу хьолехь ю


Ажигова Iайша, дейишас йиттина дарбан цIийне кхачийна ГIалгIайчуьра ворхI шо долу йоI, цхьана эшшара ю.

Цунна дарбадечу берийн хирургин Iилман-талламийн институтерчу лоьраша йоIах йолу информаци къайленехь кхобу, тIех дукха наха шайга цунах лаьцна телефонаш етташ хиларна. Цара комментари йоцуш дитира "Кавказ.Реалиин" хаттар а, амма хаийтира йоьIан пхьаьрс дIабаккхарх дерг цкъачунна къастаза дуйла.

Iайша муьлхачу хьолехь ю кху муьрехь, шена ца хаьа, элира ГIалгIайчуьрчу берийн омбудсмено Чахкиева Заремас, амма тешийра ша йоьIан кхоллам тергонехь латтош хиларх.

"Хьалха ма-хиллара, вочу хьолехь ю йоI, цуьнан пхьарс дIа ца боккхург дерриг а до лоьраша", - элира Чахкиевас.

Деношкахь хаамийн гIирсашкахула даьржира, Iайшин шина вешина керла "да-нана" лохуш ю берашна Iуналла ден хьукмат, аьлла. Чахкиевас бакъбира и хаам. "Иза цкъачунна къаьстина ца даьлла, нана набахтехь ю, ткъа да мила ву билгал ца даьлла", - омбудсмено бахарехь.

Кху беттан 4-чу дийнахь Несарарчу дарбан цIийне йиллира Ажигова Iайша. ДегIа тIехь ягорца а, еттарца а дитина кIомарш, межеш лазийна хиларх долу тоьшаллаш Iорадехира лоьрашна. Чов йина куьг дара, лечу хьоле даьлла, дахкалуш. Де даьлча Москох лоьралла дайта дIайигира йоI.

КIира хьалха лоьраша хаийтира шаьш йоьIан аьтту куьг дIадаккха кечлуш дуйла.

"Аьтту куьйгаца йолу хьу цхьана дозанехь сацаре сатуьйсу лоьраша, куьйган делла дилх дIадаккха кечлуш бу уьш. КIиранах муххале а тергалдан деза куьйган хьал", - элира дарбан цIийнан векало.

Ганиева Макка, дейиша, бехкейо Iедало, вешин йоьIан могашаллина зен дарна. Талламо бахарехь, йиллина етташ хилла зудчо Iайшина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG