ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 8 дагестанхо верах долу дов Дагестанерчу кхеле листийта тарло


Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело Дагестанан кхелахошка листа дIадала тарло 2016-чу шарахь Нохчийчохь, меттигерчу полисхошна 8 дагестанхо тIелетта аьлла, айдина дов. Дагестанерчу адвокатийн дехар кхочушдеш, шегара пурба кхайкхийна Нохчийчоьнан лакхарчу кхело.

Кегийнах, Махаев Пахрудин, Магомедов Ислам, Узданов Гашим, Джамалутдинов Шемал Д., Госенов Госен, Джамалутдинов Камил, Клычев Клыч, Джамалутдинов Шемал М., Герзлой-Юьртаний, Энгал-Юьртаний юкъарчу некъа тIехь байира Нохчийчуьрчу ницкъхоша, даржийра, шаьш машенаш совцо гIоьртича, оцу наха шайна тIе герз диттира, аьлла.

Хилларг довзуьйтуш, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаийтира, "Дагестанера зуламхой" массех баттахь гIиртина Нохчийчохь диверсеш ян, ницкъхошна иза хууш дара, аьлла.

Кхелхинчийн гергарчара чIагIдарехь, харц лоь Iедалхой, кегийнахах виъ лаьцна вигина хилла ХIинжа-ГIалара, ткъа виъ – Хасу-Юьртара. И нах лоьцуш гина тешаш а бевза шайна, чIагIдо бакъоларъяран "Агора" юкъараллерчу адвокаташа Сабинин Андрейс а, Денисенко Сергейс а.

Нохчийчохь айдина и дов кхеле кхаьчна, дерзадайта байинчийн гергарнаш дуьхьал хилар бахьана долуш, боху адвокаташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG