ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тахана Оьрсийчоьнан кеманаша вийна 23 маьрша шемахо


Лаххара а 23 стаг стаг вийна Оьрсийчоьно оршоьтадийнахь Шемин къилбаседа декъерчу МаIарет ал-Нуман гIалина тIе бомбанаш тохарца. Цунах лаьцна хаамбина AFP агенталло, Шемин мониторинган центран информацина тIе а тевжаш. Белларш бу маьрша бахархой.

Бакъоларъярхоша бахарехь, тохар дина базарна а, цунна гергахь лаьттачу хIусамашна а. Лазийна 45 гергга стаг. Халачу хьолехь дарбан цIийнахь бу царех цхьаберш.

Хьалхо Оьрсийчоьно Идлибна дира и тайпа тохар, вийра 18 стаг, чIагIдо Шемин мониторинган центро. Кремло «фейк-хаамаш» бу олу и санначу информацех, бакъ дац дуьйцург, юьйцучу меттигашка ша тIеман кеманаш хьийсийна а дац, боху Оьрсийчоьнан тIеман министралло.

"ДжебхIат ан-Нусра" жамаIатехь хиллачу тIемалойх хIоттаеллачу "Хьайат ТIахIрир аш-Шам" коалицин карахь ю кху муьрехь МаIарет ал-Нуман а, цунна а, Идлибна а гонахара меттигаш а. Президентна Асадна дуьхьаллаьтта и ницкъаш.

Идлиб провинцера цхьайолу кIошташ хане эцна Туркойчоьно а, Оьрсийчоьно а вовшахтоьхначу юкъарчу дакъоша. Шаьш долаэцначу оцу меттигашкахь тIемаш хир бац, дIахьединера шина пачхьалкхо, амма лаьтта тийсадаларш тахханалц. Бакъоларъярхойн терахьашца, регионехь тIаьххьарчу кхаа баттахь вийна лаххара а 650 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG