ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iаьржа депутат а кхаьчна Украинин Лакхарчу Раде


Бирзинчу харжамийн хьалхарчу жамIаша гайтарехь, цкъа а цахилларг ду Радехь - депутат ваьлла Iаьржа стаг Беленюк Жан. "Халкъан Лай" партица кхаьчна иза парламенте.

Болчу хаамашца, Украинан президентан парти дуккха а хьалха ю шега кхаьчначу меттигашца – цундела шеко яц Беленюка депутатан гIант дIалоцург хиларх.

28 шо ду Беленюк Жанан, вина Киевехь, нана Украинера ю, да – Руандера (иза велла 1994-чу шарахь шен даймахкахь боьдуш хиллачу чоьхьарчу тIамехь).

Желтойн-римхойн кепехь охьатохарх леташ вара Беленюк хьалха. Ша йоккха спорт юьтур ю депутат харжахь, амма кхача дагахь ву 2020-чу шарахь Токиохь хила езачу Олимпиаде, элира цо харжамаш буьйлалучу муьрехь. 2016-чу шарахь Рио-де-Жанейрорчу Олимпиадехь Украинан къоначу латархойн тобанца вара иза, даьккхира дети.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG