ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь дестечо мерайоI йийна, боху талламо


Кхушеран юьххьехь бер дерна бехкейо ХIинжа-ГIалин йистерчу Сулакехь еха 36 шо долу зуда. Йийначу йоьIан 4 шо бен а ца хилла.

Лазийна корта а болуш, кхачийна бер дарбан цIийне, амма аьтто ца баьлла лоьрийн иза меттаяло.

"Кхелан-медицинан талламо гойту йоI йиттина, корта лазийна хиларна еллийла", - элира "Кавказ.Реалиига" Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-гIоьнчалло.

Эксперташа бахарехь, аьртачу хIуманца дуккхаза а йиттина хилла йоIана коьртах.

Лаьцна йоIан десте, иза бехкейо 111-чу Бехктакхаман Кодексан артиклца ("кхечуннан могашаллина зен дар, ларамза адам дер"). Набахтин 15 шаре кхаччалц ду дестечунна дан тарлуш долу таIзар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG