ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Берзан бIаьрхи". Муха кхаьчна нохчий Урдуна


Шишани Маймунан "Берзан бIаьрхи" книга ю 20-гIа бIешо долалуш нохчий Османан импере дIакхалхарх лаьцна.
Шишани Маймунан "Берзан бIаьрхи" книга ю 20-гIа бIешо долалуш нохчий Османан импере дIакхалхарх лаьцна.

"Берзан бIаьрхи" дуьххьарлера книга ю, цуьнан авторо Шишани Маймуна дийцарехь, 20-гIа бIешо долалуш нохчий Османан импере дIакхалхарх лаьцна зорбане яьлла йолу.

Пхеа шарахь къахьегна цо иза язйеш, дуккха а историн хьасташ бухе а дехкина. Цу книгин презентаци хилира кхушара Оханан-баттахь, Къилбаседа Кавказера шаьш кхузаманахьлерчу Урдунан территори тIе кхаьчначу нохчаша кхоьллинчу Заркъахь.

Таханлерчу дийнахь Шишанин историн роман еша таро ю Iаьрбийн маттахь. Оьрсийн матте иза йоккхур йолуш ю кестта. Заркъехь санна и книга тахана каро аьтто бу Соьлж-ГIаларчу Нохчийчоьнан Къоман библиотекехь а. Иза иштта йохка а йолийна. Шишанис кху беттан 8-хь Facebook-ехь бинчу хаамца, 7 динар (630 сом гергга) мах болу цуьнан электронан вариант эцна хIинцале а 40 ешархочо.

"Книгехь буьйцуш бу лаьттан а, нохчийн а, маьршонан а безам. МухIажиран дагалецамашкахула книги тIехь дуьйцуш ду хазахетарех а, лазамех а буьзначу хиламех, дуьйцуш ду дIадаханчух а, карахь йолчу хенах а лаьцна. Цуьнан Iалашо ю ешархочун довзийта нохчийн мохк а, церан Iадаташ а, ламасташ а, халкъан дийцарш а, аларш а, ткъа иштта бовзийта, шайн Даймохк ларбеш эгна (нохчийн) турпалхой, - билгалдоккху Шишанис, ша "Петра" Урданан хаамийн агенталлана еллачу интервьюхь.

Книган цхьадолчу дакъошна иллюстраци еш сурташ дехкина Нохчийчуьрчу суртдиллархочо Мутусханов Ислама. Шишанис шен Facebook-чу агIонехь гайтина уьш йоьккхачу форматехь. Цо дийцарехь, книгана зорба тухуш уьш вуно жима дина.

Книга ешначерах цхьаммо яздина, "Берзан бIаьрхи" романна юкъара цхьа фраза ешар тоьира шена, иза шен жимачу библиотекехь хила езаш хиларх лаьцна сацам бан: "Неха латта харжа орамийн дезча… Чов йинчу дегIо, бовзанзачу бодане доьдуш шен беш йитича… Маршоне сатуьйсу синош галце некъахь эгча… Кавказерчу берзан бIаьргех эхара, доза доцучу сингаттамах дуьзна бIаьрхиш".

"Берзан бIаьрхи" романах лаьцна иштта дуьйцу кхечу ешархоша:

"Книго бовзуьйту дуьне а, маршо а еза нохчий. Цо дохадо уьш экстремизмна а, терроризмна а, цIий Iано лаам хиларна а тIера бу боху дерриг а хабарш. Исбаьхьаллица авторо Iаткъам бо адаман хьекъална, уьш Шема пачхьалкхе а, Туркойчу а дIакхалхаран истори схьагойтуш", - яздина Facebook-хь Амманерчу яздархочо аль-Азрак Фаузис.

"Книга йоьшуш, хIордан къайленаш езаелла стаг санна даггах йолаелира со цуьнан кIоргенашка кхача. И хIорд карийра суна лепаш, иза дуьхьалбеара суна, ганза дуккха а хан яьллачул тIаьхьа со марахьарчийна нана санна", - яздина Заркъерчу яхархочо Зайд Аблас.

Асендер Лулу тиллина цIе лелочу нохчийн зудчо яздо, "Берзан бIаьрхи" пхеа дийнахь ешна елира ша бохуш.

"Кху книги тIехь цхьадолчу хаттаршна жоьпаш карийна тхуна, ша аьлча, Оьрсийчоьнан Iедало тхайн дайн мохк муха бохийна, муха дIатасийтина цаьрга шайн латта. Тхуна хии Урдуна кхачале цара мел бала хьегна, и мохк цара хIунда хаьржина. И книга массо а нохчийн доьзалехь хилийта езаш ю, берашна шайн дайн истори хаийта".

Шишанин романан дешхьалхе язйинчу нохчийн проблемаш толлучу Iилманчана Даси Аминна хетарехь, "Берзан бIаьрхи" – мехала историн материал а ю, Урдунан а, Iаьрбийн а, дуьненан а литаратуран хазна а ю.

Соьлж-ГIаларчу Магомедов Марзбека хаам бина шен Facebook-рчу накъосташка, и книга шена Урдунера совгIатана яийтина аьлла. Нохчех лаьцна язйинчу книган мужалтана тIехь а, цу романан цIеран юкъахь а борз хIунда ю а дуьйцу цо: "Борз нохчийн къоман символ ю. Лоруш ду берзалой нохчех тера хилар: майралла, доьналла, маршо езар".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG