ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Чегемехь кхело листа долош ду къоштан полицехь зулам толлучу декъан куьйгалхо лаьттинчу Кяов Азамата шегарчу даржо лучу баконел совваларна, низамехь а доцуш, герз лелорах долу дов, яздо бакъоларъярхойн "Агора" тобано.
Талламо бахарехь, топ а 22 патарма а эцна Кяовс. Шен белхан жамIаш лакхадахархьама стохка гурахь и герз а эцна, шен 54 шо кхаьчна гергара стаг Губжокова Мадина йолчу вахана иза. Цигахь цIийнах а хьажна, кехеташ хIиттийна, шена оцу хIусаман тхов тIехь герз карий, аьлла.
Бина болх тIечIагIбеш, тоьшалле кхайкхина цо лулара бахархой. Цул тIаьхьа шен куьйга кIел болчу белхахошка экспертизе яхьийтина топ а, патармаш а. Иштта айдина Губжокова Мадинина дуьхьал бехктакхаман дов Чегеман полицино.
Амма адвокатийн гIоьнца даржхочун цIийнах йолчу зудчун аьтто баьлла шена гергарчу стага бина тешнабехк Iорабаккха. Кхана Iийна йолалуш ю кхел. Губжокова Мадинин адвокат ву кхелехь Мишаев Мухтар.