ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со дIавоьллина. Хьо а дIаволла мега"


Туркменистанан президент Бердымухамедов Гурбангулы.
Туркменистанан президент Бердымухамедов Гурбангулы.

Стенга къайлабовлу, муха кхелха СССР-на юкъахь хиллачу пачхьалкхийн президенташ

ДIадаханчу мукъачу деношкахь хаамаш баьржира Туркменистанан президент велла аьлла. Амма Оьрсийчуьрчу Ашхабадан векалаллехь а, ГIиргIизойчохь а харц бира и хаам.

Хьалхо пачхьалкхан телеканалаш гайтира 62 шо долу Бердымухамедов Гурбангулы, мукъаденош а эцна, "Туркменистанан дарбанан бецаш" шен энциклопедин рогIера том кечйеш болх беш а, ша лоькхучу шен эшаршка ладугIуш хиина Iаш а.

ТIаьххьарчу шерашкахь юкъа-кара хабарш даьржа Бердымухамедов еза цамгар ловш ву олий. Иза хIоразза а еххачу хенахь къайлаволу. Амма и хабарш официалан кепара бакъ дина дац.

"Карара хан" портало гулдина цу кеппара къайлабовлучу Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу пачхьалкхийн лидерех лаьцна хаамаш.

Бакиев. Инсульт хилла боху эладита а, латар а

2008-чу шарахь Зазадоккху-баттахь "гучуьра къайлавелира" цу хенахь ГIиргIизойчоьнан президент хилла Бакиев Курманбек. Хабарш даьржира иза "чIогIа цомгуш" хилла аьлла. Цхьацца версеш лелара, иза инсульт хилла ву а, жимаш лозуш ву а бохуш. Цхьана хаамца иза лазийна вара, цуьнан кIанта Максима герз а тоьхна.

Бакиев Курманбек ГIиргIизойчу юхавирзира ша "къайлаваьлла" 25 де даьллачул тIаьхьа. Цо хаам бира, Зазадоккху-беттан 3-28-чу деношкахь ша Германехь вара шина кIиранна "садаIа" а, "лоьраш хьажийта" а вахана аьлла. Делахь а, Бакиевс дийцарехь, лоьраша цуьнга аьлла хиллире мелла шуьйра могашалла зер оьшу аьлла.

Цуьнца цхьаьна Бакиевс ша ца кхета элира, "цунах лаьцна президентан администрацино къайле хIунда йинера" бохучух.

Путин. "Грипп" а, "Кабаева Алина" а

2015-чу шарахь Зазадоккху-баттахь хабарш даьржира Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир гучуьра къайлаваларх лаьцна. Наха дийцара иза велла, грипп кхетта, Iедал а карчийна, даржах вохийна я Швейцаре вахана, бер деш йолчу Кабаева Алинина тIехIотта бохуш (Путинан а Кабаева Алинин а юкъаметтигех лаьцна яздинера маситта Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсо, ша аьлча цул тIаьхьа дIакъевлинчу "Московский корреспондент" газето). Путинан зорбан секретаро Песков Дмитрийс юх-юха а харц дора и хабарш.

Путин Владимир гучувелира 10 де даьлча цу хенахь ГIиргIизойчоьнан президент хиллачу Атамбаев Алмазбекаца дIахьочу цхьаьнакхетарехь. Атамбаевс дIахьедар дира журналисташка, наха хуъа дийцахь а, Путинан могашалла дика ю аьлла: "ХIинцца Владимир Владимировича со машенахь хихкира Константинан ЦIийна чухула, иза ша вара хьалха хиъна".

"Эладитанаш дацахьара сингаттаме хир дара", - билгалдаьккхира ша Путина.

Лукашенко. "Со дIавоьллина. Хьо а дIаволла мега"

2018-чу шарахь Товбецан-баттахь эладитанаш даьржира Лукашенко Александрна инсульт хилла аьлла. Товбецан-беттан 26-хь иза дагахь вара Гомеле ваха. Амма визит ца хилира. Цига дIакхечира президентан гIарол а, журналистийн пул а, амма ша Лукашенко ца веара цига. Иза ларвеш хиллачу Iедалхошка цхьа а вист ца хилира.

Лукашенко гучувелира нахана хьалха Марсхьокху-беттан 2-чохь. Ялта гулдечу вахана кхатIехь волчу цо тIедожийра хьакимана бинчу балхах лаьцна жоп дала цхьа шо даьлча, амма цул тIаьхьа шеквелира иза, цу хене вер вуй-те и стаг аьлла.

"Хьо тIедогIучу шаре вер ма ву? Амма дIоггара чIагIо а ма е ахь. Со де-буьйса хьалха дIавоьллинера, хьо а дIаволла мегаш ву хьуна" -, элира Лукашенкос.

Каримов. Веллачул тIаьхьа декъалбира махкахой

Узбекистанан президент валар официалан кепара тIечIагIдира 2016-чу шарахь Гезгмашин-беттан 2-хь. Амма иза кхалхарх лаьцна къамелаш даьржинера 6 де хьалха дуьйна. Цхьаболчу зорбан гIирсаша яздора, цуьнан клиникан валар хилла бохуш, Марсхьокху-баттахь Узбекистанан олимпийн тоба цIаерзар хьокъехь той хиллачул тIаьхьа (цу хенахь узбекийн спортхоша цIа еара 4 дашо мидал – иза бара цу пачхьалкхан уггар тоьлла гайтам).

Амма Каримов формалан кепара "дийна" висира кхин а маситта дийнахь. Гуш-хезаш а воцуш, цо Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь Узбекистанан халкъ декъалдира Маршонан денца.

Алиев. Ах шо, хууш хIумма а доцуш

Азербайджанан президент Алиев Гейдар валарх лаьцна официалан кепара хаам бира 2003-чу шарахь ГIуран-беттан 12-хь. Амма тIаьххьара иза гуш-хезаш вистхиллера 8 бутт хьалха – Оханан-баттахь. Къамел деш а волуш, цунна шозза вон хилира.

Цул тIаьхьа Алиев Гейдар велла олий хаамаш баржар а, уьш харц бар а хилара хIора денна аьлча санна.

Стигалкъекъа-баттахь Алиев Гейдарна дарба лелийра Истанбулерчу "Гюльхане" клиникехь, ткъа Товбецан-баттахь иза дIавигира Iамеркерчу Кливлиндерчу дарбанан хIусаме.

ТIаьхьо телевизионан интервью гучуелира Аливца, дарбанан палатехь иза хиъна а волуш Iамеркерчу клиникехь дIаязйина йолу. Товбецан-баттахь коьртаччу харжамийн комиссино Алиев Гейдаран кандидатура тIечIагIйира ГIадужу-беттан 15-хь хила безачу харжамашкахь дакъалаца. Шен кандидатура хьалхатеттира цуьнан кIанта Алиев Ильхама а. Амма цо сихха элира, президент Алиев Гейдар хир ву, тха ша кандидат хиларо аьтто бийр бу шен цуьнгахьара пропаганда ян аьлла.

Амма ГIадужу-беттан 2-хь пачхьалкхан телевизионехула дIабийшира Алиев Гейдаран кхайкхам. Цо дIахьедар дира президентан харжамашкахь шен кандидатура юхайоккху ша, шен кIентан аьтто беш аьлла.

Алиев Ильхам президент хаьржира, 76,86% кхаьжнаш а луш. Амма дас толам баккхарца декъал ца вира иза.

"Карара хан" (Настоящее время)

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG