ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йина кхел а йоцуш, Нохчийчохь 27 стаг вер тоьшаллашца тIечIагIдина бакъоларъярхоша


Адвокаташа Караваев Александра а, Немов Александра а, «ГIоьртина хьал лаьтта меттигаш» («Горячие точки») программин а, «Iазапна дуьхьалоен комитет» («Комитет против пыток») хьукматан а куьйгалхоша Орлов Олега а, Каляпин Игора а, журналиста Милашина Еленас а «27-ннан гIуллакхах» долу керла тоьшаллаш далийна, хаамбо Москох йоьдучу пресс-конференцера «Кавказ.Реалиин» корреспонденто.

Хан хьалха «Керлачу газето» («Новая газета») хаамаш баржийра, Нохчийчохь лаьцна, цул тIаьхьа вийна 27 вахархо, аьлла.

Пресс-конференцехь бакъоларъярхоша йовзийтина юьйцучу хенахь лецначу 67 стеган цIе. Оцу нахах ву доьза вайна 27 а. Милашинас бахарехь, цуьнга хаамбина хьост полицера ю.

Вайначу хIора стагах лаьцна наха дина тоьшаллаш долуш ду бакъоларъярхошкахь, цара шаьш бахарехь. Масала, 2016-чу шо доьрзуш, рогIера шо долалуш лецна латтийначу Абубакаров Эпсара а, Мусаев Деналбека а дийцина, шаьш бирганаш Iуьттуш хьийзийра, ток йитттира шайна «цхьана набахтехь», аьлла. Цушинга шаьш террорхой хилар т1ечагIдайта гIиртина Iедалхой.

Тоьпаш тоьхна вийначу 27-ннан гергарчех цхьана Абдулкеримов Рамзанан доьзало бен ца хIоттийна тезет, билгалдаьккхира пресс-конференцехь Милашинас. Талламан комитетеан белхахоша бахарехь, Абдулкеримов даге лазар иккхина велла. Шайга иштта хаам бинийла дийцира Нохчийчу еъначу омбудсмене Москалькова Татьянига АбдулкеримовгIара.

Амма Абдулкеримов Рамзан шаьш дуьйцучу бахьаница валар тIечIагIдинчу талламчаша даккхий гIалаташ дийлийтина шайгара, элира Орлов Олега. Цо бахарехь, «лор ца кхайкхина, этIа ца вайтина, хилларг толлуш, кхалхарх долу тоьшалла хIиттийна Абдулкеримов дийна воцу кIира даьлча». Кеста Европан кхело луьстур ду 27 стаг валар, аьлла хаам а бира бакъоларъярхочо.

Дасаев Адам 2017-чу шеран Дечкен-беттан 11-чу дийнахь лаьцна – иза тiематасадаларехь каравалийна хилар шуьйрра довзийтира Нохчийчуьрчу телевизионо, амма цул тIаьхьа иза доьза вайра. Милашина Еленас, иза вийра, бохуш чIагIдо.

Нохчийчохь нах доьза барах болу хаамаш тергоне ийцира Талламан комитето. Амма бехктакхаман гIуллакх ай ца дира. Доьза байна аьлла, «Керлачу газето» хьехийна кегийнах Шема бахана, дIахьедира ницкъхоша.

XS
SM
MD
LG