"Яблоко" партин декъо чубелла кандидаташ къобалбина Карабулакерчу харжамийн комиссино. Церан могIарахь бу Магасехь лаьттинчу протестан гуламан жигархой а.
Муниципалан харжамаш хир бу ГIалгIайчохь Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь. 39 юьртахь а, гIаланашкахь а хир бу уьш, хийцалур ву депутатийн даржехь 456 стаг.
"Тхешан кандидаташ хьалхатеттина оха Карабулакехь. Харжамийн комиссино тIечIагIбина уьш. Куьйгаш лехьош ду тхо хIинца. 17 кандидат ву оха хьалхатеттина, царалахь протестан боламан жигархой а бу", - элира "Кавказ.Реалиига" ГIалгIайчуьрчу "Яблоко" партин декъан хьалханчас Муцольгов Руслана.
Оха хьалха хаийтина ма-хиллара, Нохчийчоьнца хIоттийна доза юхадаккхар, Евкуров Юнус-Беке мехкан куьйгалхочун дарж дитийтар Iедална тIедожош бара Магасехь Зазадоккху-беттан 26-чохь хIоьттина гулам. ШолгIачу дийнахь иза дIасабаккха хьовсийначу полицина дуьхьалойира гуламхоша. Цул тIаьхьа Iедало дIалехьийра протестан жигархой. Царех 30 гергга стаг лаьцна кхобу Iедало.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?