ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалой хIаллакбарх нохчийн лаьмнашкахь кест-кеста ловзу Оьрсийчоьнан эскарш


Къилберчу тIеман гонера 200 гергга гIагIадиллина машенаш а, 500 сов салтий а балийнера Нохчийчу "низамехь йоцу гIеранаш хIаллакьярх" ловза кху деношкахь.

"ГIагIан эскаро бехха некъ бира тIеман полигоне, ломан хьелашкахь Iемира дуьхьалонан барамаш дIабахьа, кегийчу гIеранашца тIом бан. Iамораш дерзочу муьрехь эскархошна гайтира, муха лоьцу гоне, хIаллакбо тIемалой.

Салташа Iаморашкахь пайдаэцна цхьана эшшара алсам хIоьънаш тухучу реактиван ситеманех а, артиллерех а", - хаамбина прессе Нохчийчуьрчу тIеман комендатурин векалша.

Iамораш кечдеш хIоттийна кеп иштта яра: тIемалой гIерта Оьрсийчоьнан эскарера меттиг дIаяккха, амма уьш "гонелоцу, хIаллакбо". Карахь дайн герз бен доцчу "тIемалошна" кочаршкахь тIедетта "Гвоздика" олучу яккхий-тоьпан хIоьънаш, артиллерин "Град" герз. Хилла Iамораш оцу суьртахь довзийтина шинарийдийнахь Къилберчу тIеман гонан сайто.

Дукха хан яц хIинцца дирзинчу Iаморел хьалха изза барам нохчийн лаьмнашкахь дIабаьхьина – ши кIира, кху беттан 9-чохь. Цигахь, "ваьлла а лелаш, минанаш кхийсар" карадерзош вара яккхий-тоьпийн дакъошкара 400 эскархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG