ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йоккхачу стагна дукха дезаш хилла прокуратурехь болх бен шен беран бер, амма цо иза йийна


Теллина а даьлла, кхеле кхаьчна Черкесск гIаларчу бахархойн Спивак Петран а, Кравченко Дмитрийн а дов. Царна бехкедо 2017-чу шеран бIаьста меттигера къано ер.

Талламо бахарехь, Привокзалная урамерчу цхьана пенсиэцархочун х1усаме а бахана, цуьнан 100 эзар сом дIа а хьош, иза йийна цара.

ЦIий шена тIеэцнарг Спивак ву, ткъа шолгIачун Iалашо ца хилла йоккха стаг ен, билгалдоккху низамхоша.

Хилам шуьйра баьржина Черкесскехь а, ерриг а Кхарачой-Чергазийчохь а. Цуьнан башхалла ю шиннах цхьаъ низам Iалашдечу урхаллин белхахо хиларал а сов, йийначу къаночун беран бер хилар (талламо цкъачунна ца хоуьйту, йийначун йоьIан кIант ву, я кIентан кIант ву Кравченко Дмитрий).

"Йоккхачу стага чIогIа дозалла дора шен прокуратурехь болх бечу беран берах. Сан цкъачунна йоккхийла дац къаночун цIе, олийла дац мел хан яра цуьнан а, хIун хенара бу иза йийнарш а», – элира «Кавказ.Реалига» Талламан комитетан векало.

Таллам дIабаьхьинарг ю Талламан комитетан Къилбаседа Кавказера урхалла. Дов листа хьажийна цо Кхарачой-Чергазийчоьнан Лакхарчу кхеле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG