2019-чу шеран хьалхарчу декъехь юккъерчу барамехь 16200 сом доьхкина смартфон оьцуш Оьрсийчоьнан цхьана вахархочо, боху МТС-о (мобилан телекоммуникацийн оператор).
Пачхьалкхерчу регионашлахь бахархоша уггаре дукха еза телефонаш оьцучех ю Магадан (цигахь смартфонаш оьцуш доьхкинчу ахчанах цхьана стагна кхочу 23,7 эзар сом), Чукотка (22,9 эзар сом), Нохчийчоь (20,5 эзар сом). Иштта ю йовзийтина статистика.
Москох а ца оьцу, масала, Нохчийчохьчул дукха смартфонаш – пачхьалкхан коьрта шахьар 4-чу меттехь бен яц.
"Связной-Евросеть" олучу туьканийн системехула уггаре дукха смартфонаш эцначу регионийн декъахь а хьалхарниг ю Нохчийчоь – 25,2 эзар сом.
Бахамаллехь совъялла а йоцчу Нохчийчохь стенна оьцу смартфонаш массанхьачул а дукха?
Таллам бинчу экспертийн Content Review тобан куьйгалхочо Половников Сергейс иштта довзуьйту бахьана: "ХIун, стенгахь, муьлхачу мехах ахь оьцу бохучун деза маьIна ду Кавказехь. Смартфон – стеган хьал гойту аксессуар ю".
Муьлхачу ахчанах (алапах, пенсех, и.д.кх) оьцу нохчаша смартфонаш дукха хьолехь?
"Банкехь лучу кредитех" – ду экспертийн жоп.