ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно лоьху нохчо лаьцна Украинехь


Оьрсийчоьно лехаме веллачу Илаев Амхьадна Харьков гIаларчу Октябрьский кIоштан кхело цIера аравала доьхкучу кепехь лаьцна латто сацам бина. И хаам бина "Кавказ.Реалиига" Илаевн кхелехь хиллачу Украинерчу бакъоларъярхочо Кожушко Николайс.

"Иза лаьцна, изоляторе хьажавайта гIертара прокурор, ткъа кхело цIера аравала доьхкуш сацам бина", - боху бакъоларъярхочо.

Адвокат ю лаьцначун Мезенцева Людмила. "Оха Илаевн бер хиларх, виллинавеха меттиг хиларх, гонах дика цIе йоккхуш хиларх долу кехаташ чуделлира. Лакхарчу Радин депутато Линькос шен жоьпалле оьцуш а вара Илаев, амма оцу депутатера деношкахь дIадолу дарж, цундела кхело тIе ца эцна цуьнан дехар", - дуьйцу Мезенцевас.

"Кавказ.Реалиино" яздина ма-хиллара, беттанаш хьалха лецира Илаев Харьковрчу полицино, амма дIахийцира. Прокурорашна лаьа иза лаьцна, изоляторехь кхабийта.

МухIажиран статус йоьху нохчочо Украинан миграцин урхалле. Амма Оьрсийчуьрчу талламчаша чIагIдо, иза Нохчийчуьра 5 стаг а вийна ведда, бохуш. Ткъа адвокаташа дийцарехь, Илаевс а, цуьнан вашас а Оьрсийчоь дIатесначул тIаьхьа Нохчийчохь дина хилла зуламаш ду цунна бехкедийраш. Амхьад а, цуьнан жимахволу ваша а Украинехь а волуш, Нохчийчохь хьийза а вина, вийна Оьрсийчоьнан ницкъхоша церан цIахь висина кхо ваша, чIагIдо адвокато Мезенцева Людмилас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG