Таркхойн хIорда чу доьжна Азербайджанан эскарийн "МИГ-29" олу кема. Орцанхоша лоьху кемалелорхой. Оцу хьокъехь хаамбина пачхьалкхан тIеман министралло.
Селхана сарахь хилла иза. Iемораш дIахьош стигал даьлла хилла кема. Юьхьанца хаьдда зIенах а, радарийн тергонах а, цул тIаьхьа доьжна хи чу.
"МИГ-29" кеманех лаьтта доккхачу декъан Азербайджанан хIаваан эскарш. Украинера эцна а, цигахь урхалладаран кеп хийцина а ду уьш, боху Air Force Monthly хьасто. Эцначу кеманех кхин а цхьаъ а дайна Азербайджанан – иза хIорда чу дуьйжира 2008-чу шарахь.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?