ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIенна герга йолчу набахтешка дехьабаха тарло тутмакхаш


Оьрсийчоьнан Iедало могуьйту набахтешкахь бохкучу нахана шайн доьзалш бехачу меттигашна гергарчу набахтешка дехьабахар деха. Иза дича нийса хир ду аьлла хета министрийн кабинетна, цуьнан сайто бахарехь.

Набахтехь воллу шен гаргара стаг цIенна улле йолчу набахте дехьаваккхар деха бакъо ю хIинца дуьйна, тутмакх реза велахь, хьеннан а.

Оцу аьттонах пайдаоьцийла дац оьмар кхачаяллалц набахтехь кхаба кхачийначу стеган. И бакъо йоцучийн могIарахь буьсур бу терроризмца доьзна зуламаш динарш а, дIахьедина премьер-министра Медведев Дмитрийс. Бечу хийцамца йоьзна артикл араер ю, аьлла цо, Оьрсийчоьнан бехктакхаман-набахтийн кодексехь.

Оьрсийчуьрчу тутмакхаша шаьш схьабевллачу меттигашна гергахь набахти йоьхуш дукха дехарш дина кху тIаьххьарчу шерашкахь, амма царех цхьа а ца даьлла кхелехула толамца чекх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG