ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев Руслан: "Москох, Питерехь гуламаш буьйлалушшехь, царна тIаьхьахIуттур ю Кавказ"


Пятигорскехь хиллачу Кавказан къаьмнийн ассамблеян а, Кавказерчу гIалгIазакхийн а кхеташонехь Iедална шога критика йина ассамблеян лидеро Кутаев Руслана.

"Пачхьалкх хина буха йоьдуш ю, Iинчу хьадда йоьду. Iедал лаьцна режимо. 2019-чу шеран мур халонех баккхина бу, кризис ю кIарглуш. Нагахь санна хьал 2020-чу шаре а далахь, вуно хала хир ду вайна. Москох, Питерехь гуламаш буьйлалушшехь, царна тIаьхьахIуттур ю Кавказ", - аьлла Кутаев Руслана.

Цуьнан дешнашца аьлча, "уггаре дукха хало лайна зама ю политикаца доьзна гIелоне кхийсинчу нохчашна тIехь лаьттарг".

"Тхо, нохчий, кIадделла, тхуна къордийна федералан пачхьалкхо тхаьшна тIехь политика еш. Мехкдаьттан комплекс долаерзорхьама,1995-96-чу шерашкахь хIаллакдан долийна тхо. Муха во вевзаш а воцчу полковниках президент, цо "хьаштагIанахь охьаата" бохура аьлла? Муха болабо Нохчийчохь тIом шолгIа а? Да ма хьекхарг, тхо мел деза дайъа?" - бохура оппозиционеро.

Кутаев Руслан – вевзаш волу нохчийн къоман юкъаралхо ву. Нохчий а, гIалгIай а махкахбахар дагалоцуш цо конференци хIотторна бекхамбеш, наркотикаш буха а кхийсина, 2014-чу шарахь набахте хьажийна иза. Иштта чIагIдо Кутаев "политикан тутмакхийн" тептара язвинчу бакъоларъяран "Мемориал" центро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG