Шелан кIоштан администрацин куьйгалхочун Ибрагимов Турпал-Iелин нанна Ибрагимова Уманина (Кадырова Айманин йишина) мидал яла вахара Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а, мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а.
"Ибрагимова Умани доьналлица, цкъа а йоьхна ца гойтуш, чекхъяьлла дахаран халонех. Бакъ нохчочун а, бусалба зудчун а масал ду иза. Хьалхарчу Нохчийчоьнан президента, Оьрсийчоьнан Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кхоьллинчу тобанехь хьалхарчу деношкахь дуьйна къахьоьгуш схьавогIуш волу тоьлла воI кхиийна Умани Несиевнас», - яздина шен Instagram-ехь Даудовс.
Маршо Радионехь информаци яц, террористашна дуьхьал маца, муха къийсам латтийна Ибрагимова Уманис.