ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехке хилар дIахаийтина журналистана


Журналист Гаджиев Iабдулмумин, архивера сурт
Журналист Гаджиев Iабдулмумин, архивера сурт

Дагестанехь де хьалха "Черновик" газетан журналистана Гаджиев Iабдулмумине иза бехке хилар дIахаийтина талламан комитето. Талламхойн версица, газеташкахь материалаш язйеш терористашна ахча гулдар вовшахтоьхна хилла цо.

Гаджиев бехке веш ву шен артикалшца цо ешархой ахча дала тIекъабеш хиларна Ахмеднабиев Исраилан (Саситлинский Абу Iумар цунах) "Ансар" фонде. Цунна кхел ян дагахь ду Iедалш терроран тобанна юкъахь дакъалацарна а, терроризмна а ахча гулдар вовшахтохарна а.

Талламахойн версица, Гаджиевна хууш хилла фондо гулдинчу ахчанан цхьа дакъа "Исламан пачхьалкх" экстремизман тобанан хьашташна хьажор хиларх лаьцна. Гаджиевс газетехь биан хаамаш бахьана долуш, цхьаболчу наха ахча делла "Исламан пачхьалкх" тобанна лаххара а 6 миллион сом дIахьажийначу "Ансар" фонде, боху талламхоша.

Iаткъам бина дина тоьшаллаш?

Гаджиев бехке веш кечдинчу кехата тIехь кхин дIоггара яздина дац цо динчу зуламан чулацамах лаьцна. Хьахийна ю, талламхошна хетарехь, журналисто нах Iехош язйина артиклаш.

Талламхоша бина сацам бешча гуш ду цара тидаме эцна цахилар зулам дарна шеко йолуш лаьцна латтош волчу Тамбиев Кемала дина тоьшаллаш. Хьалхо Тамбиевс дIахьедар динера, Саситлинскийна ахча гулдеш Гаджиевн "Вконтакте" социалан машанехь агIо хиларх лаьцна шена кхечу стагера хиира аьлла.

Оха дийцина ма хиллара, ша талламан изоляторе хьажош хиллачу суьдехь Тамбиевс дIахьедар дира, и тоьшаллаш ша динера ницкъаллин структурийн белхахоша шена Iаткъам бар бахьана долуш аьлла.

Гаджиевн адвокато Шабанов Арсена дийцира "Кавказ.Реалиига", талламхочо бина сацам бух боцуш хета шена бохуш. "Цу тIехь цхьа а хIара ду аьлла, хIара публикаци а ю, хIара иштта хьелашкахь дина зулам ду бохуш дуьйцуш хIумма а дац.

Цул сов, муха мах хадор бу иза "Исламан пачхьалкх" тобанна юкъахь хилар санна? Иза цхьа гIурт бу", - элира Шабановс. Адвокато дийцарехь, цо Товбецан-беттан 23-чохь латкъам бина кхеле Гаджиевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долор хьокъехь сацам бар нийса цахилар лара аьлла. Иза листа безаш бу 5 де далале.​

"Талламхой бахьанаш лоьхуш бу"

"Черновик" газетан коьртачу редакторан когаметто Магомедов Мохьмада дагадоуьйту Гаджиевн гIуллакх муха доладелира бохург.

"Гаджиевна дуьххьара бехке дуьллуш хиларг а, хIинца иза бехке веш дерг а дуьстича гуш ду талламхой Гаджиев хьийзо бахьанаш лоьхуш хилар ", - боху цо. Магомедовс дийцарехь, цкъа дуьххьара талламхоша дIахьедарш дора "Черновикан" журналист, "Вконтакте" тоба а кхоьллина, тIемалошна ахча гулдеш вара бохуш.​

Ткъа хIинца, Гаджиевн адвокаташа иза хIумма а доций хаийтинчул тIаьхьа, талламхой бехке ван гIерташ бу иза "Ансар" фондах лаьцна яздарна, гулдина ахча тIемалошна дIадохьуьйтур хилар хьалххе хууш а долуш. Вайна кхузахь гуш ду цхьа а доцург хилар а, талламхой Iилма девзаш цахилар, - элира Магомедовс. Цунна хетарехь, Гаджиевн гIуллакх леррина кхоьллина ду, дозуш доцу газета дIакъовлийтар Iалашонца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG