ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу кхело маьршаваьккхина Оьрсийчоьно лаца кхайкхийна дагестанхо


Киеверчу Шевченкон цIарах йолчу кIоштан кхело лаьцна кхобучуьра дIахецна 36 шо кхаьчна дагестанхо Керимов Шамхал. Иза маршонах хадор доьзна дара Оьрсийчоьно лаца кхайкхийна хиларца. Кхелан сацаман копи а ю "Кавказ.Реалиигахь".

"Оьрсийчоьнан Федерацин вахархочунна Керимов Ш.А-на экстрадици яйтар а, иза кечъечу юкъанна лаьцна латтавайтар а доьхуш, Киеван прокуроран гIовса Корж А. С-с. дина дехар кхочуш ма дойла. Лаьцначуьра кхелан хIусамехь дIахоьцийла Керимов Шамхал Алиевич", - аьлла бу сацам.

Байначу баттахь хиллачу кхечу кхело 25 де далале дIахьажавойтуш вара Керимов Оьрсийчу. Украинан низамо 40 денна лаца кхачаво Интерполехула лоьхуш волу арахьарчу мехкан вахархо. Цул тIаьхьа, экстрадици ян кечлуш, лаьцна кхабар дIадахдо шина баттана.

Киеверчу цхьана дагестанхочо дийцира, даймахкахь стаг верна бехкево Керимов, амма дуьйцу зулам дечу хенахь иза Украинехь вехаш вара, аьлла.

Оьрсийчоьнан спортан "хьакъволу мастер" цIе лелайо Керимов Шамхала, "кудо" олучу, каратэ а, дзюдо а юкъалоцучу латаран кепехь дуьненан чемпион а ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG