ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iаламат ницкъболчу нахана дуьхьалъяьллера иза". Эстемирова Ланас дуьйцу шен ненах лаьцна


Бакъонашларъярхо Эстемирова Наташа
Бакъонашларъярхо Эстемирова Наташа

Кху беттан 15-чу дийнахь 10 шо дуьзи нохчийн бакъонашларъярхо, журналист, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" Центран декъан белхахо Эстемирова Наталья йийна. Ша ехачу Соьлжа-ГIаларчу цIенна хьалхара Iуьйранна лачкъийна дIайигинера иза. Ткъа суьйранна герзаца йийначу бакъонашларъярхочун дакъа карийра ГIалгIайчохь. "Человек имеет право" цIе йолчу программан материалаш тIехь кечйина ю хIара артикл.

2009-чу шеран Лахьан-баттахь йоьдучу леринчу операцехь вийна, гIаттамхойн могIарш дузуш ву аьлла, гоьваьлла Башаев Олхазар бехкехила тарло зуламна аьлла, дIахьедира Оьрсийчоьнан Iедалша. Нагахь оцу версина тIехь талламхой совцахь, Эстемирова ер юкъахдоккхур ду аьлла хеташ, кхоьрура бакъонашларъярхой. Церан шеконаш харц а ца йисира.

Эстемирова йийна итт шо даьллехь а, иза ен кхайкхийначийн а, йийначийн а цIераш яханза ю. Бакъонашларъярхочунна масийттазза кхерамаш а туьйсуш, иза сийсазйинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а цхьана тIехь дуьту Эстемирова Наталья ерах жоьпалла бакъонашларъяран "Мемориал" Центро.

Тахана 25 шо ду Эстемирова Натальин йоьIан Ланин. Шена нана йийначул тIаьхьа маса дIаяхара иза деша Великобритани. Цигахь яха а йисира. Шен дагалецамех книга язъян йолаелла Лана.

Маршо Радион оьрсийн сервисна еллачу интервьюхь Эстемирова Ланас дийцина, шен нанас бинчу балхах а, Нохчийчоьнан урхалхоша цунна тийсинчу кхерамех а, махкарчу дахарх а, ишта дийцина шена хетарехь, Эстемирова Наталья ерах гIуллакх хIинца а талланза хIунда ду а:

Этемирова Наташин йоI - Лана
Этемирова Наташин йоI - Лана

- ТIаьххьарчу кху иттех шерашкахь суна Iаламат хала дара оцу гIуллакхна тIехь терго латто, хIунда аьлча, со кхетта, Путин а, Кадыров а Iедалан коьртехь мел ву, иза (нана) йийнарш карор хир бац. Амма итт шо дIадаьлла, хIинца жим-жима и зулам талла йолаелла со суо. Хоьтту аса цуьнан доттагIашка, хIун хуьлуш ду-те цуьнан гIуллакх листарх бохуш. ХIокху иттех шарахь сан ойланашкахь ма хиллара, ишта нисделла: сан нана йийна масех бутт баьлча царна "бIегIийла доллуш" цхьа тIемало вийна. Цунна тIехь битина бехк. Итт шарахь гIуллакх листа долош, юкъахдоккхуш Iийна талламчаш, оцу версех тийсалуш.

- Ахь элир-кх, хьайна хетарехь, нохчийн Iедалан куьйгаллехь - Кадыров, Оьрсийчохь - Путин а мел ву, хийцам хир бу аьлла ца хета оцу гIуллакхехь. ХIунда ю хьан ишта ойла?

– Цхьаннан а цIераш яха ца лаьа суна, хIунда аьлча, со талламча яц. Амма бакъду, оцу наха дIахIоттийначу системана дуьхьал къийсам латтийна сан нанас. Цо кегош хиллачу гIуллакхашна бехке лаккхара даржхой а, куьйгаш цIехдуьзна инарлаш а бара. Ша Кадыровс а дозаллица дIахьедора, голашка кхаччалц цIех дуьзна ду шен куьйгаш бохуш. Суна хетарехь, Iаламат ницкъболчу нахана дуьхьалъяьллера сан нана. Лаккхарчу хьаькамаша дукхазза емалйора иза.

- Цуьнан доттагIаша боху, иза дийна йолчу хенахь дукха кхерамаш туьйсура цунна. Хьуна хаьарий, мел боккха кхерам лаьтта цунна тIекхозабелла? ХIетахь 15 шо хилла-кх хьан.

- "Мемориалан" офисехь забаршца "полкан йоI" ю олура со. Цхьа жима хIайкал дара со. Школера яьллачул тIаьхьа "Мемориалехь" хан дIахьора ас. Мамин массо а белхан накъост вевзара суна, суна тIехь терго а латтайора цара. Суна гуш дара, мел кхераме бу мамин болх. Кест-кеста сан нана доьзалш беллачу нанойшца цхьанакхетачу заманчохь цхьанхьа сонехь хоий Iара со тапъолий. Амма соьга цкъа а ца далхадора цо, шена кхерамаш туьйсу олий. Цуьнан балхах дерриг а хууш, герга а яра со, ишта нанас ч IогIа лар а йора со, суна боккъал болу кхерам ца хаабалийтархьама.

Бакъду, цхьа масал ду суна хууш, хIунда аьлча, цхьана а агIор къайлахьойла яцара иза. 2008-чу шарахь Кадыров Рамзана цунна кхерамаш тийсарх дуьйцу аса. Цо тIекхайкхинера иза шена. Духьал а веана, мохь хьекхнера цо цунна тIе. Хьайн йоьIан, хьайн гергарчийн ойлае баьхнера цо цуьнга, хIун ду ахь лелориг бохуш. Цо ша ца дийцира соьга цунах лаьцна, аса муьлххачу беро а санна, къайлах ладийгIийра цо дуьйцучу хенахь. Дуьххьара ишта хиира суна.

ХIетахь цхьа шело хьоьвзира сан кийра, тIаккха кхийтира со, мел кхерамечу новкъахь ю иза. Мехкан куьйгалхочо хьуна кхерамаш туьйсуш белахь - мел доьхна гIуллакх ду иза. 14 шо долу со а дика кхеташ хIума дар-кх иза.

- Хьана нанас луьстурш хьенан истореш яра? Хьуна дага а догIуш, хIун гIуллакхаш дара уьш?

- Уггар хьалха, лечкъийна бигинчу нахах толлуш лелара иза. "Спецоперацеш", аьлча а, "зачисткаш" дIахьора: салтийн тоба юьрта а йогIий, кегийрхой лоьцуш, полисхойн декъе дIабуьгура, тIаьха гучудолура, уьш Iазапаш латточу набахтешка дIакхоьхьш хиллийла. Боккъал а бехк-гунахь а доцу божарий дIалехьабора цара, уьш терроризмна а, экстремизмна а бехкебеш. Царна тIехь ницкъ а беш, бертаза кехаташна куьйгаш яздойтура, бехкаш тIелоьцуьйтуш. Цхьацца меттигашкахь нислора цхьайолчу операцешкахь хилла нах, амма дукха хьолахь, зуламе боцу, маьрша нах хуьлура цара лоьцурш.

- Оцу лоьцучийн нах оьхура хьан нанна тIе? Кхи дIа хIун дора Наташас?

- ХIаъ, уггар хьалха церан гаргарчара орца доьхура цуьнга. Масала, цхьана юьртахь "зачистка" дIаяьхьна. 2000-чу шеран юьххьехь, хIетахь мобилан телефонаш яцара, цхьана агIор маме кост схьатухура, цул тIаьхьа мичча хенахь а, иза эккхий йолий оцу юьрта йоьдура, церан гергарчаьргара алсам информаци гулъян. Гергарчу наха дуьйцура хиллачух: муха, маца вигина, машенан лоьмарш хоуьйтура. ТIаккха прокуратуре, йа полицин декъе хьодура мама. Нагахь и бераш кIелхьардаха жимма а шен аьтто белахь, йоккха гIовгIа оьккхуьйтура цо. Нислора, кегийрхой маьршабохуш меттигаш а. Делахь а, дуккхаъчийн кхолламех хаанза дуьсура. ТIехь ницкъбина чевнаш, таммагIаш долуш, дIакхийсина церан декъий схьакерадора цхьаццанхьа. Наггахь церан карарабевлларш оьхура мамина тIе, цара дуьйцура шаьш лайначу Iазапех. Дуьйцура шаьш харцонца лецна хиларх, шайна еттарх, ток еттийтарх, хIун ду а ца хуучу кехаташна куьйгашяздайтарх а.

ТIехь ницкъбинчийн гергарчу наха лаьара, бехкенаш жоьпе озон, амма дукха хьолахь, аьтто ца болура бекхамбан.

- Оцу балхо Iедал дардан тарлора?

- ХIаъ, бакъ ду-кх и! Хууш ма хиллара, лаккхарчу даржашкахь болчу наха дойтуш ма дара и доллу зуламаш. Цо ийза а ца луш, цIераш йохуш бехкебора гунахь берш. Тергамза ма ца дуьсура и тIаккха.

- 2009-чу шарахь хьо дуьххьара Нохчийчуьра дIаяхара, цул тIаьхьа Оьрсийчуьра а араелира. ХIетахь дуьйна республикехь хиллий хьо?

- ХIаъ, шозза еана со цул тIаьхьа даймахка. ТIаьххьара 2012-чу шарахь хилира со. Уггар хьалха сайн ненан коша тIехIотта Iалашонца еанера со. ХIетахь тIаьххьара хилира со сайн ненаца яьхначу петар чохь. Цу цIенна хьалха лачкъийна йигина а ма яра иза. Соьлжа-ГIалин урамашкахула со лелачу хенахь, цхьа чохь са доцчу гIалахь со йолуш санна хетара суна. Дерриг а пластиках, моттаргIане: керла цIенош, чохь Iаш стаг а воцу стигал-баххьаш. Зомбих лаьцна кино йоккхучу майданахь со йолуш санна хетара суна цкъацкъа. И сайн гIала йоцуш санна синхаам бара сан. Йоьхна, хаьрцина Iуьллучу заманчохь сайна иза хьоме хилча санна хетара суна.

- Хьо маьрша хетарий хьуна? Хьо Эстемирова Натальин йо I хиларе терра, цхьанхьара а хьайна кхерам хаалой хьуна?

- Сан болх бакъонашларъярца боьзна а бац, йа хIоьттинчу режимах хIуманаш Iорадохуш а яц со. Бакъду, сайна хетачух а, сайн хьежамех а аса дуьххьал дIаолу, цхьаннах а ийза а ца луш. Амма цхьаннан а сайца бала бу аьлла-м ца хета суна, цундела кхерам ца хаалора суна.

- Соьлжа-Г Iаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочунна Титиев Аюбна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийча, цунна тIехIуттуш видео дIаязйира ахь, хьо юкъараллин дахарехь дакъалоцуш йоцушшехь. ХIунда?

- Iаткъамен бахьанашца суна тахана Iаламат хала ду Нохчийчохь яха, амма сан кIорггера уьйр ю цуьнца. Суна суо нохчо а хета. Суна хаьа, со кхиберш санна нохчо йоцийла, со кхечу хьелашкахь кхиийна ю, амма мухха делахь а, со нохчо ю. Аюб дIалаьцна аьлла сайна ма хеззи, панике яьллера со, 2009-чу шаре юхайигира со оцу хиламо. Аюб дIалецира, тIаьхье балане ца хуьлуш йирзи Делан къинхетамца. Со чIогIа даръеллера и хезча, хIунда аьлча, со чIогIа догтешна яра, сан нана йийначул тIаьхьа бисинчу бакъонашларъярхошна цара тIе куьг хьур дац аьлла. Москварчу Human Rights Watch организацин куьйгалхочуьнца, тхайн доьзалан доттагIчуьнца Локшина Таница къамел хилира сан. Ас элира, алахьа соьгара хIун накъосталла оьшура, сайгара цхьа пайда хила лаьара суна". Иштта барт хилира тхан, Титиев маьршаваккха аьлла, кхайкхамбеш. Ас доггах лоручу мамин доттагIчунна жимма а гIо дан сайн аьтто хилар дара видео дIаязъяр.

- Хьуна хетарехь, Нохчийчохь оьший бакъонашларъярхой? Республикера берш бохург санна, бакъонашларъярхой лахкарца, цу чохь бехачу нахана дукха зен хилла аьлла хетий хьуна?

- Нохчийчохь эшна ца Iаш, бакъонашларъярхой йоллу Оьрсийчоьнан регионашкахь а оьшу. Бакъду, Нохчийчохь къаьсттина оьшу. Тахана Кадыровн Iедало къам шайн ма хуьллу човхийна, кхерамехь ду. Нохчийн исторехь цкъа а ца хиллачу кепехь мур бу хIара дIабоьдург. Низамаш болх беш доцу, Кадыровн цхьа низам бен лелаш а доцуш меттиг ю иза. "Мемориал" Центрерчу Орлов Олеган дешнашца боху аса. Оцу хьелашкахь адамна оьшура цхьа тIетовжийла, цхьа тешам, шайга ладогIа, шайна тIехIотта стаг. Шайн ма хуьллу Нохчийчуьра бакъонашларъярхой лохкуш хилча, бахархошна ца юьсу цхьа а дегайовхо.

- Хьайн ненах лаьцначу дагалецамех книга язъеш ю хьо. Кхи стенах лаьцна ю иза- бакъонашларъяран къийсамех лаьцна ю иза, йа хьайн ненах яздо ахьа? Маца аьтто хир бу иза еша а?

- Язйина яланза ю со хIинца а книга. Масех бутт баьлча иза кийча хир ю аьлла хеташ ю со. ТIедогIучу шеран юьххьехь зорбане яккха Iалашо-м ю сан. Ингалсан маттахь язъеш ю со иза, амма хир ю оьрсийн маттахь а, хIунда аьлча, Оьрсийчохь арахеца лууш ю со. 1994-чу шеран Зазадоккху-беттан 3-чуьра, со дуьненчу яьллачу дийнера дIа. Уггар а хьалха, сан а, мамин а хиллачу дахарх, тхойшинна хиллачу юкъаметтигех, тхойшиннах Iиттаделлачух, сайн Нохчийчохь кхиарх, со йоккха мел хуьлу сайн дахарехь буьйлабеллачу хийцамех а. Трагеди яц иза. Дегайовхонах, мел ледара хьелашкахь адам делахь а, дахар соцуш цахиларх: бомбанаш еттачу хенахь а, хи доцуш, токах хаьдда дисича а. Тарло оцу книги тIехь ас сайн бералла а, ненан дахар а даздеш хила а. Дахарх лаьцна ю-кх и книга, - дийцина Эстемирова Ланас.

Интервьюн авторш: Торочешникова Марьяна а, Джанполадова Наталья а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG