ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махьмуд Iаббас, Палестина: "И машар оха тIе ца оьцу"


Палестинахоша бохабо Израилца бинчу бертан массо а сацам, аьлла Палестинан автономин лидера Iаббас Махьмуда. Оцу хьокъехь хаамбо Times of Israel хьасто.

"Тхо Iийр дац гIелонна кIел, реза дац шога ницкъ тхаьшна тIетийсийта, цхьана декъанна аьлча, Малхбалерчу Къудсехь. Израилан оккупантийн Iедало тIе мел эцна сацамаш низамехь бац тхуна гергахь, дIахьедина Iаббаса Палестинан куьйгалхойн кхеташонехь еарийдийнахь.

Израило Малхбалерчу Къудсехь иттанашкахь палистинахойн цIенош дохор Iаьткъина къоман лидерна, цо ша бахарехь.

Израилхоша шаьш цIенош дохор дуьйзира уьш террорхой герга ца кхачийта хIоттийначу дозанна тIех уллехь дина хиларца.

Израило палестинахойн хIусамаш йохор емалдина цхьамогIа ЕвроБертан пачхьалкхаша, шайлахь Франци а, Германи а, Британи а йолуш.

Цхьаьнатоьхначу Штаташа Малхбалехь барт чIагIбан кховдийна хьелаш тIе ца эцна Iаббас Махьмуда. "Палестина а, Малбаленан Къудс а йоккхийла дац йохка-эца", - аьлла цо.

  • Цкъачунна Израило а, Палестино а юкъахь кхочушдо цхьадолу хьашташ– кхерамзаллина тIера нахана хи латторна тIекхаччалц.
  • Палестинахоша шайн ю олу Къудс (Иерусалим) израилхойн коьрта шахьар а лоруш, Цхьаьнатоьхначу Штатийн Израилера векалт цига дехьайоккху ша, элира 2017 шеран ГIуран-баттахь президента Трамп Дональда. Стохка бIаьста официалехь Къудсе дехьаяьккхина Штаташа шайн векалт. Оцу гIалех дуьззина ша цхьамма доладан бакъо яц Израилан, боху дуьнентIерачу дукха а пачхьалкхаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG