Астраханехь министрийн кабинетан куьйгалхо лаьттина Султанов Расул а, финансийн министран декхарш кхочушден Шведов Виталий а лаьцна Iедало, хаамбина "Интерфаксо" а, "Коммерсанто" а. ТIаьхьо информаци тIечIагIйина Талламан комитето.
Цкъачунна ца хаийтина, хIун бахаьница лаьцна и шиъ. Прессо хьалхо дийцира, финансийн министраллах хьовсуш бу ницкъхой, аьлла.
Кху деношкахь Астраханерчу талламчаша довзийтира шаьш айдина 38 бехктакхаман гIуллакх. Ширачу хIусамашкара бахархой керлачу хIусамашка берзош динчу къоланех лаьцна дара оцу гIуллакхийн коьрта маьIна. Бохура, лаьцна гIишлошъяран а, коммуналан бахаман а министран декхарш кхочушдеш волу Гужвинский Олег а, кхин а 20 гергга стаг а.
Кху бетта юккъехь Астраханерчу хьаькамашна, совдегаршна критика йира Къилбан федералан гонерчу прокуроран гIовсо. Бахархойн цIенош тодеш бечу балхах а, доьхначу цIеношкара нах керлачу хIусамашка берзорах а лаьцна дара цуьнан къамел.