Москох центрехь дIаяьхьначу санкцица йоцчу акце баханчу нахах 1 эзар сов стаг лаьцна, хаамбина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пачхьалкхан коьрта шахьарарчу урхалло. Цуьнан информацица, «санци йоцчу акцехь дакъалацарца низамаш дохорна 1074 стаг жоьпе озийна».
Лецначу нехан гIуллакхаш луьстур ду, церан хьокъехь сацамаш а бийр бу низамо ма-бохху, аьлла урхаллин векалша.
Москох хила безачу гIалин Думин харжамашна юкъа оппозицин кандидаташ цаязбарна резабоцчу бахархоша шоьтадийнахь хIоттийначу акцера полицин дакъошка бигинчийн терахь сарахь эзарнал совделира, боху ОВД-Инфо2 портало а.
ГIалин Думин дакъаваха чуделла кехаташ харжамийн комиссино тIе ца эцначех волчу Яшин Ильяс тIебогIучу беттан 3-чу денна рогIерчу протетстан акце кхайкхина нах – Харжамийн Коьрта комиссино аппеляцешка ладугIу де ду иза.