Тележурналист, историк Кара-Мурза Владимир кхелхина тахана Iуьйранна, шен 59 шо кхочучу дийнахь. Оцу хьокъехь твиттерехула хаамбина цунан воIа Кара-Мурза Владимир-жимахчо.
1990 шерийн юьххьехь «Останкино» телецентрехь. 1993-чу шарахь иза дехьавелира йозуш йоцчу НТВ телеканале, цигахь арайолура цуьнан «Тахана, буьйса юкъахъяхча» («Сегодня в полночь») программа. НТВ цо д1атесира и компани «Газпроман» долаяхча. КхидIа белхаш бира ТНТ, ТВ-6, RTVi телекомпанешкахь.
Дуккха а шерашкахь шен программа яра Кара-Мурзас дахьош Маршо Радионехь – «Грани времени» («Заманан сенаш»). 1996-чу шарахь Оьрсийчоьнан журналистийн цхьаьнакхетаралло «Оьрсийчоьнан Дашо къолам» совгIат делира цунна.
ТIаьхьарчу хенахь цомгуш вара Кара-Мурза Владимир, инсульт лайра масситаза.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!