ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьелий лела ХIинжа-ГIалахула


Г1алин урамашкахула лела бежанаш, уьстагIий лоьцуш ю ХIинжа-ГIалара муниципалан унитаран урхалла «Питомец». Иттех корта бу цкъачунна лаьцнарг, хаамбо "Кавказ.Реалиин" корреспонденто.

"Шахьаран Кировски кIоштахь къасттина дукха хаало дайша тергамза а дитина, девлла лела бежанаш. Билггал меттиг йийцича, гойла ду уьш Къилба автостанцина а, Керлачу автостанцина а гонах», – элира журналисте «Питомцан» директора Магомедов Iабдулгамида.

Цо дийцарехь, дукха хьолехь нехийн контейнершна гергахь хуьлу уьш гойла.

«Питомнике» дIадуьгу гIалахь лецна бежанаш, уьстагIий. Цигахь чуоьцийла ду 200 корта.

Да ваьлла меттиг еъча, «Питомникера» хьайба дIадуьгуш доккху гIуда ду 3000 сом.

XS
SM
MD
LG