Административан тIаIзар деш, Москох изоляторе хьажийна Коррупцина духьалоечу фондан куьйгалхо Навальный Алексей, «тамаше аллерги» а кхетта, № 64 йолчу клинике кхачийна кIиранан Iуьйранна.
Фондан пресс-гIоьнчас Ярмыш Кирас дийцарехь, «чолхе алерги» кхетта Навальныйна: юьхь йистина, дегI цIеделла. Лоьрашна цкъачунна ца карийна аллергин бахьана. Амма оцу цамгаро цкъа а ца хьийзийна Навальный, чIагIдо Ярмыша.
Навальныйн нийсархочо, политика Волков Леонида дийцарехь, хан хьалха иза а кхаьбна Навальный чохь валлочу изоляторан чоьнехь бахначу баттахь 28 дийнахь. Ша цигара мукъаваьлча, кIиранах Iийра молханашна тIехь, «верриг а вистина, цIен томмагIех а ваьккхина, иза цхьа тамаше аллерги ю, талла еза и изолятор», - яздо Волковс.
Кхаарийдийнахь Москох Симоновски кхело 30 денна лаьцна латто кхачийна Навальный, гуламан вовшахтохаран низам талхорна бехкевина иза.
Навальныйн а, Москох Думин харжамашка язбанза бисинчу кандидатийн а кхайкхамца шоьтадийнахь хIоьттира гулам. Иза дIасабаьккхира полицино, лазийра 70 сов дакъашхо, лецира 1000 сов.