ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицехь шен пхенаш хедийна протестан гуламан жигархочо


«Халкъан дуьхьалонан ассоциацин» пресс-гIоьнчас Зайцев Никитас ша лаьцна латточу полицин декъехь шен пхенаш хедийна. Склифосовскийн медицинан институте кхачийна иза массех сахьт хьалха. Оцу хьокъехь лаьраша хаабина «ОВД-Инфо» портале.

Селханлерчу санкци йоцуш дIаяьхьначу акцехь лаьцна ву Зайцев.

Иза ша вен гIоьртина, аьлла хета лоьрашна, цундела толлуш бу цуьнан синакхетам.

«МБХ медиа» хьасто а бакъдо Зайцев, цо ша-шен могашаллина зен дарца доьзна, Склифосовскийн дарбанцIийне виллина хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG