ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъахьовзамехь 46 шо долу зуда йийна Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Бохам хилла оршотан буса Невран кIоштахь. Буьйсанна юккъехь меттигерчу полице хаам кхаьчна Мазлакера ГIизлара боьдучу некъаца некъахьовзам хиларх лаьцна.

Болчу хаамца, 58 шо долчу Шелковски кIоштарчу Мирный эвларчу вахархочо Мекен-Юьртана гергахь "ВИС" киралелон машен тIетоьхна 46 шо долчу зудчунна.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо бинчу хаамца, чевнаш хилла гIашло циггахь елла. Хилларг толлуш бу полисхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG