ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Йийна цара иза..."


Бакъонашларъярхочун Эстемирова Наташин йоI Лана
Бакъонашларъярхочун Эстемирова Наташин йоI Лана

Эстемирова Ланас шен ненах лаьцна язйинчу книги юкъара дакъа

Линкана тIе

«Лана, мичахь ду сан IатIар?" – хеза Нанин аз. Iуьйренан зIаьнарша сизашца гойту суна цуьнан куц. Набарха яланза хьоьжу со ненах хиллачу дешин бIарлагIе.

"ДIо лахарчу гIутакхахь" – олий, сайн набарна чуюжу со юха а. Кхин а шина минотехь Iа Нана куьзганна хьалха. Цул тIаьхьа хеза неI тIекхеташ…

Некъ тIетоьхна Iийрий-те иза, зайла болла-м ца элира-те цо соьга? Францойн меттан сахьте гIо олуш санна а ма хета.

И де соьга итт шо хьалха, хIора миноте доккхуш, меттахIотталур дара. Ткъа хIинца-м эшна догIу иэс.

"Лана, мичахь ду сан IатIар?" – сихха дина хаттар, резайоцуш аз.

Ас сайн амалехь дора чуьра гIуллакхаш, бIаьрга дан ца дезара Нанас кег-мерса хIума дIасалуьстуш. Сан сайн кеп яра иза деш. Дависийла, и IатIар ша доллучохь ас дитинехь, оцу Iуьйранна цо соьга кхин хIума, кхечу озаца ала а ма магара!

«Лана, мичахь ду сан IатIар" – Ненера суна тIаьххьара хезна дешнаш. Шена тIаьхьа "Нина Риччин" яйн хьожа а юьтуш яхара иза. Кхин ца гира суна иза дийна.

ТIаьххьарчу деношкахь серлаяьлла стенна яра-те Нана? Цхьа къайле-м ю цуьнца. Я хета-те суна ишта, сайгахь иза к1елхьаръяккха ницкъ хилча санна?

НеIара догIа доккхуш сайна хеззашехь, со дуьхьалйоьдура нанна. Иза юург кечъян х1уттура, юьхь-чкъор лепаш хуьлура, чохь цхьа серло йогуш санна. Хьаьрса месашца чубузучу маьлхан нур соьцура. Эзар мискъала заррат-цинц хелхабийла болалора цунна гонах, дерриг туьйранах тардеш.

Беран шовкъ меттахъхьара тIаккха, аз а кIаддеш, хьостура ас иза: "Нана! Хьо-м ерриг а серла ма ели!"

Дог тохалора Нанин, олура: "Вай, дIаялахь, Лануська!" Цхьа гIийла хуьлура къажар, к1адъелла гора. Мел хаза яра иза!

***

НеI тIекхийтира Нанина тIаьхьа. Со набаро лецира. Дийцира соьга тIаьхьо, охьайоьссина, цIийнан учара арайоллушехь, массех борша стаг тIекхетта хиллера цунна, машена тIе дIатакхийнера. Иза дуьхьалтийсаеллера, мIараш а юьхкуш – экспертизано гайтинера иза. ГIо доьхуш, мохь биттинера цо, амма тхан кораш кхечу агIор дара. Суна ца хезнера. Ткъа лулахошна-м хезнера дика. Амма тийна-таьIIина шайн петаршкахь Iийнера уьш.

"Нагахь санна тешаша сихха хаам бинехьара, лар лацаяла, кIелхьаръяккхаяла там бара" – бохура соьга талламчас. Цхьамма мукъане а сан неI тоьхнехьара, соьга аьллехьара, дерриг а кхечу агIор дерза а магара. Амма лулахой Iадийна, дIасалечкъина, Нана чалташа ен дIайигина, ткъа со, шек а йоцуш, йижина Iийна.

Горгали бийкира 8 сахьт даьлча. Сама а яьлла, дан дезачу гIуллакхийн кочар дагахь листа йолаелира со. Iуьйкъе ян еза. Чохь гIуллакх дан деза. ТIаккха – францойн мотт Iамор бу. ТIаккха – тоьрмиг а гулбина, "Мемориале" гIур ю. Нана цига тIейогIур ю, тхойшиъ цхьана юьрта гIур ю – со массех дийнахь цигахь, гергарнаш болучохь, соцур ю, Нана белхан гIуллакхаш эцна кхечу гIала яхана яллалц.

Суна чIогIа дукха безара францойн мотт. Тайна куц долчу, ткъе итталара яьллачу сайн хьехархочух ша ма-ярра францхо йора ас – иза юьззина, цIена нохчо елахь а. Цхьа сахьт ах сахьт долура цо суна хьоьхуш, тIаккха кхин а ах сахьт хьора охашимма цхьацца дуьненан хIуманаш дуьйцуш. Сайна уггаре дукха еза книга елира ас цунна – Фарджеон Элеонорин туьйранаш. Оцу книгин цхьана турпалхочух тера хетара суна сайн хьехархо – цуьнца цхьа къайле, цхьа паналле кхийда ойлашан ехаш санна хетара суна.

…Ватта, со-м араяла езаш ма ю сихха!

Нене СМС яхьийтира ас: "Хьо дIакхаьчний "Мемориале?" Жоп ца ло. Цуьнан шолгIачу телефон тIе яздо ас. Даима а хала ду-кха иза каро! КIиранна хIуманаш гулъян йолаелира со. Алссам кучамаш еза суна! Маьхчас хIуманаш тоьгу машен Iамор ю аьлла. ТIаккха тегалур яц-те соьга сайна коч?

Ехха ойла а йина, стигал басахь а, цIен а буткъа могIанаш боьлху коч а, цIен-баьццара сандалеш а хаьржира ас. Танне а ца тов суна и коч, со жима йоI хета иза йоьхча. Сайн Iовдал голаш, царел кхо сантиметр лакхахь чкъор – со уьш гойтуш леллал жима ма яц. Со стенна лелайо-те Нанас бер санна?

…Вай, иза стенгахь ю-уу? Телефон чу хьоьжу: дац жоп. ОьгIазаъяха йолало со. Цо стенна до-те даима а ишта. Ша аьлла зIене яла, ткъа телефон схьа а ца оьцу! Юх-юха, юх-юха етта ас телефон. Доза доцчу геналле дIабоьлхий, бов горгалеш. Дика ду, новкъайолу со, офисехь ларъер-кха, цигарчаьрца йист а хуьлуш.

Центре йоьдучу маршрутан машена хуу со. ХIора итт минот массаза йолу етта ас Нанига телефон. Тамаше ма ду хIара: хIинца тIекхочехь яц олу шина а телефонна. Юха а хIун гIурта юкъа юьйли-те хIара? Сахьийзам беста болало сан. Сихха кхачахьара хьо хьайн офисе, ца лаьара-кх суна сайн некъ юха а кханене билла!

Бурконо лаьцначу маршрут-машенара юссу со. Делкъене баьлла малх, сиха болар оьций, шина минотехь дIакхочу со "Мемориале". Нанин массо а санна накъост ву цигахь, амма иза яц. "Шуна ца хаьа иза маца тIейогIу? Тахана иза ган а гиний шуна?" Гонах мелверг сагатдан волало. ЗIе дIа ца кхочу цуьнга цхьаьннан а: дIаяйъина ю ший а телефон.

Цхьаъ хилла. Нехан кабинетехь хиина Iа иза, гарехь, цхьана хьаькаман, телефон охьахиина хир ю, иза юлуш Iа. Я лаьцна-те? Ненаца даима а нисло иштаниг. Тешна а, цхьа хьераяьлла истори а юьйцуш, схьакхочур ю.

Хан дIалуьсту сахьто: ши сахьт, кхоъ, диъ, пхиъ. Ненаца дерриг а дика ду, дика хир ду, бохуш, со тешо гIерта массо а. Хир ду дера, иза сан Нана ма ю!

Муьлхха а хьовзам тIехIоттарх, иза могуш-маьрша ма йогIий! Тахана а йогIур ю, ян-м еза… Сарахь Таиса йолчу – "Мемориалерчу" мехкарех цхьаъ ю иза – буьйса яккха гIо, эли соьга цхьамма. Ас иза бакъахьа хир ду, боху. Ткъа Ванессина, сан цицигна, хIун дан деза? Со юьртахь а йитина, сарахь цIаян йоллуш ма яра Нана.

Ишта делахь, дика ду, гIур ю со Таиса йолчу. Буса цIайогIур ма юй Нана. Ша цIакхоччушехь, со дIайигахьара цо, хIун хилла хаза лаьара-кх цуьнга-шеггара. Вуно дика доьзал бу Таисин! Пхьор кечдеш хьийза цуьнан нана. "ХIазарийн долахо" – "Властелин колец" – хьоьжуш Iа тхо.

"Таиса, керла хIумма а дуй?" – хоьтту ас хIора пхийтта минот массаза йолу. Керла хIума дац. Цо эр ду, шена цхьа хIума хеззашехь. Нене телефон тоха хьожу со. Жоп дац. Иза лаьцна латтош хилча, цкъа телефон тухуьйтуш ца хуьлура? Дика ду дерриг а… дерриг а дика ду… "Властелин колец" хьажахь хьайна! Таисин нанас леррина хьайна дина пхьор даа! ЧIогIа чомехь ю юуург, амма логах чекх-м ца йолу. Кийра дIалаьцна сингаттамо. Цкъа кхоллуш, шозза кхоллуш, сайца сайн искиртиг бертаяло гIерта со, амма иза ерриг а дIалоьцу вончу синхаамо.

Сой, Наний массех шо хьалха хьажна оцу кинога. Оцу муьрехь Нана корта лозуш, йоьжна Iуьллура. Лазаро хьовзийначу Фродос мохь эккхийтича, "ахI" а деш, Нанас элира: "Фродо, Деллахь ма дика кхета со хьох!"

Со сайн дерриг дIадала кийча яра, Нана шегарчу лазарх мукъаяьлчхьана, цунна гIодан сайгахь боцчу ницкъанна, сайгахь доцчу денна догъэтIара. "Властелин колец" массаза хьожу, иза стенна дагатосу-те суна?

…Бехк ма биллалахь, телевизор дIаяйъа мегар дарий? Таисас сихха дIайойъу телевизор. Ма дика бу кху доьзалехь массо а! Оццул хаза суна хьошалла дарна, Дела реза хуьлда шуна! Царна сох къахета, иза-м ца хетча а хIума дацара шуна! Нана цIайогIур ма юй, цо со дIаюьгур а ма юй! Дерриг а дика ду…

…Соьга телефон етта цхьаммо.

ЛадугIу ас, хеза цхьа зуда йоьлхуш.

- Лана – йоьлхучуьра ца соцу иза – Муха… Муха ю хьо?

— Хьо стенна йоьлху?

— Хьоьга ца аьлла хIинца а? Хьо хууш яц?

— ХIун ца хаьа суна?

— Хьан нана яц. Йийна иза. КхидIа зудчун узарш…

— ДIАСАЦА! ДIАСАЦА! БАКЪ ДАЦ ИЗА!

— Лана…

— ДIАСАЦА! МА ТОХАЛАХЬ СОЬГА КХИН ТЕЛЕФОН!

Ас ластайой, пенах туху телефон. Ванни чу дIахьоду со. Iеттайо, кийра керча. ХIан-хIа. ХIан-хIа. ХIан-хIа. ХIан-хIа. Хила йиш яц иза. ХIан-хIа.

— Цо хьоьга хIун бохура? – хотту Таисас. Iадийна бу цуьнан бIаьргаш!

— Ла ма догIалахь оцу хьераяьллачу зудчуьнга, Лана. Ша хIун дуьйцу а ма ца хаьа цунна….

Чоь цIеххьана Iаржло. Дахкарлахь, цхьа геннара хеза Таисин ненан аз. Диван тIехь метта йогIу со. Тиларчуьра яьлла хилла. ХьалагIотту, дагаоьккху: Нана йийна. Иза ма бакъ дацара. Ткъа бакъ делахь? ХIан-хIа, хIан-хIа, хIан-хIа, хIан-хIа, хIан-хIа. Оццул ирча гIан-набарш цкъа а ца хIиттина суна тIе. Мел чIогIа кхеррера со хIара шийла кхаъ сайна кхачарх? Хьуна цхьаъ хиларна мел кхеррера со, Нана? Ас мел дехнера Деле хьо сайна яхаярна? Дац бакъ, хила йиш яц. Ирча мел дерг гIерта коьрте.

— Сох хIун хир ду? – хотту ас Таисига, цунах чекх цхьаьнхьа дIа а хьоьжуш. – Со мичахь ехар ю? Сан цицгах хIун хир ду? Мамин ноутбуках хIун хир ду?

Ас кест-кеста хIоттадора хьалха сайна хIара маьттаза сурт, Нанин хIуманех хиндолчун ойла йора – электроника, бедарш, документаш. Сайх санна, царех хиндолчух а ойла йора. Со санна, уьш а юьсур йолуш санна байлахь.

- Наташа-м цIайогIур ма яра! – со тешон гIерта Таиса. Амма шеко ю цуьнан озехь. Суна къахета долало цунах. Кхин со евзина а йоцу иза стенна нислуш ю кху хьоле. И хьераяьлла зуда бакъ ца хила мегий? Кхана цIайогIур ю Нана…

— Таиса, Дела дуьхьа ма ала цхьаьнгге а хIума! Схьа ма эцахь телефон. Цхьаьнгге а ма тохахь. Хьоьга хIумма а лачкъа ма ца лой, ас хьан юхьа тIехь доьшур ма ду, суна хуур ма ду дерриг а.

— Дика ду, Лана, хьуна луург дерриг а дийр ду-кх ас!

— Ма латаелахь телевизор. Йист а ма хилалахь лулахошка! Хьайн Дела дуьхьа!

— Ахь боххург дийр ду, ас дош ло хьуна!

Чуволу цхьа, учахь ву. Аьзнаш хеза суна.

- Иза мила ву? ХIун оьшу царна? Алахь цаьрга дIагIо!

— Иза-м хIума а дацара, Лана, хIумма а дац. Ялол, хьо дIайижае вайшимма? Кхана "Мемориале" гIур ю вайша, цигахь хир ю хьан нана, цо лелийначух массо а цхьана доьлуш Iийр ду вай!

Яц, хир яц иза цигахь. Со Таисица цхьана маьнги тIе юьжу. Эшарш, суна эшаршка ладоIга лаьа! Муьлхарниг яра-а-а со хьерайоккхург?

(ХIей, царна карор ю хьо а, наб еш Iашшехь, хIинцца, хIинцца, Цара куьг кховдийна, наб дIаоьцу хьоьгара.)

Нана йийна.

(ХIинцца, ХIинцца, тхо охьадуьссуш ду, генна лаха, Оха билеташ оьцу автобус чохь, Керла маьIна карадо тхуна кху дахаран, даккхийде тхо кху дахарх, наб кхетийта гIерта тхо.)

Нана йийна.

ХIан-хIа. Ла ца догIало эшаре.

Суна наб кхета.

"Мемориална" гонах стенна ду оццул дукха адам? БIеннашкахь, цхьаберш боьлху. Муьлш бу хIара нах? Тхойша ламеш тIейолу. "Иза цуьнан йоI ю" – шабар-шибарш до сан букъа тIехьа. Цхьамма куьг хьокху сан куьйган голех. Йитийша со…

Мел дукха нах бу офисехь! Чуйолу со, тап-олий тийналла хIутту. Соьга хьоьжуш ву массо а. Царна а моьтту хир ду-кх сан Нана елла. Дац иза хуьлийла. Сайн ненахошка телефон тоха еза ас, церан сапаргIатдаккха. Массо а дIаса а тоттий, кхечу чу йоьду со, ненайишига, Ленига, телефон туху. Хьоьжу цо схьаэцаре. "Алё, тётя Лена?" Иза йоьлхуш хеза. "Ма тешалахь цара дуьйцучух, Нана елла яц хьуна. Ма тешалахь царех!" – олу ас.

Айса телефон чу мохь беттачу юкъанна яххьаш го суна сайна гонах, макхъелла, Iадийна яххьаш. Сайн суо жима йолчу хенахь дуьйна евза яххьаш. Хьоме яххьаш. Эццахь цIеххьана кхета – яц Нана кхин.

Гобинчарна юккъехь Шамхан го суна, Нанин хьаькам. Со тIекхойкху со шена. Есачу чоьнашка дIаюьгу, неI тIечIогIу.

- Лана… - олу цо, тийначу озаца.

Ва сан Дела, иза баккъал а яц-кха кхин…

— Лана, хала ду суна хаийта хьоьга… Хьан нана йийна.

Цо кхидIа а до къамел, Делан цIе а йоккху, хьегна бала а буьйцу, ялсамане а хьехайо.

Ас сацаво иза, ирх куьг а тосий.

- Десара ала соьга, Шамхан, бакъдерг. Цара иза сийсазйиний, хьийзийний?

-Ца йина, ца йина, дера ца йина.

- Ницкъ биний цунна? Сихха дIаяьллий иза? Бала хьегний цо леш?

- Тхоьга аьлларг цхьаъ ду: масситтаза коьртах герз тоьхна цунна. Иза сихха елла.

- Дела реза хуьлда хьуна. Иза бен дацара суна хаа луург.

Сан дегIах еса ботт хуьлу, са дац суна чохь. Йоьлхуш а яц со. Наха яьккхина лаьттачу чоьнаш чу йоьду со, олу: "Йижарий, ас доьху шуьга, гIойша базара, еха коч эцийша суна, Iаьржа йовлакх а. Ца лелало-кх соьга хIара коч".

Уьш юьстахбовлу. Къамелаш, хабарш, хабарш. Суна гонах мел дерг а – хабарш.

Сайна тезетан духар схьадаре хьоьжуш Iа со, эгош йолу голаш юкъ-кара къайла яха а гIуртуш. Селхана йийна Нана. Тахана иза дIаюллуш ю нохчийн Iедалехь. Цуьнан шичоша кестта дIаюьгур ю со юьрта, амма кхечу суьртахь хир ю и юрт, хир яц сой, Наний селхана яха дагахь хиллачу юьртах тера… А меттера Б метте кхачош долу, кепаш шен юх-юха хуьйцучу могIан майда хуьлий дуьсу суна дуьне. Кхин ойла яц ялуш а.

Зудабераш схьакхочу. Коган кIоже кхаччалц еха таьIна-сийна, лакхе йоцу коч еана суна. Доца пхьуйшаш долу, могIа боьду футболан коч лакха йоха, Iаьржа йовлакх. Тамаше духар ду, …мегар дара хIара-м.

Ненан гергарчара нахана юккъехула йоккхий, дIаюьгу со, некъ ло массара а. Ламеш тIе кхочу тхо. БIеннашкахь го суна нах. Корта хьийза. Ховхачу, ницкъ болчу куьйгаша меллаша куьг лоций, ламеш тIера охьайоссайо со. Машена ховшу тхо, юьрта доьлху.

Нанин дакъа ду тхуна тIаьхьа дохьуш, Соьлжа-ГIалин урамашкахула, микроавтобуса чохь. Меллаша йоьду и автобус Путин цIарх йолчу майданахула – Толаман майда олуш хиллачухула. ЦIе хийцинчул тIаьхьа Нана ца лелара оцу урамехула. БIеннаш нах бу микроавтобусна тIаьхьа хIиттина богIуш.

«Йийна цара иза! – шашаха мохь беттало, хеза суна сайн коьртехь, - Цара йий иза, йийна иза, йийна!"

Цара иза йийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG