ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гелдаганахь къола дина стаг мукIарло дан тIевеана полице


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан Куршлойн кIоштан декъе полисхошна тIевеана 32 шо долу Соьлж-ГIалин кIоштара вахархо. Цо мукIарло дина ша Гелдаганахь Хулхулон хийистехь къола дарна.

Къуьно дийцарехь, кху беттан 25-чохь Iуьйранна 10 сахьт долуш оцу меттигехь нисвеллачу стеган тоьрмигчуьра лачкъийна цо 14 200 сом. Цу ахчанах къуьно хIун дина дуьйцуш дац. Зуламхочо дIахьедар дина къола дарна дохковьлла ша аьлла, хаам бо респуликехрчу МВД-н зорбан сервисо.

Хилларг къастош таллам болийна полицин белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG