ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов ИбрахIим. ДогIа Iена, арахь Iена догIа...


Юсупов ИбрахIим

ДогIа Iена, арахь Iена догIа...

ДогIа Iена, арахь Iена догIа.
ГIайгIано сан корах бетта тIам.
Дийр ду-те цо цхьалха кор сан доха,
Бийр бу-те цо безам соьца гам?

Езар, со гIайгIане гIел ма вайта,
Сан дагах дан гIерта и шен пхьор.
Ахь къобал дахь даредар сан байтан,
ГIайгIано кхин тухур дац сан кор…

Хоттане, 1978 шо

XS
SM
MD
LG