ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов ИбрахIим. Хьаша чуван цхьа неI тоьу-кх цIенна...


please wait

No media source currently available

0:00 0:00:30 0:00
Линкана тIе

Юсупов ИбрахIим

Хьаша чуван цхьа неI тоьу-кх цIенна...

Хьаша чуван цхьа неI тоьу-кх цIенна,
Нагахь йоьллий латтош елахь денна.
ЦIийнан хила деза алссам кораш –
Чукхетийта маьлхан довха чIораш.

ЙоьIан деган цхьа неI хила еза:
Цхьанна елла,цунна елахь реза.
ТIаккха бIаьргийн кораш, нуьрца дебаш,
Хир ду даим ирсан малхехь лепаш...

Хоттане, 1975 шо

Юсупов ИбраьхIим, нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG