ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов ИбрахIим. Керла луо


please wait

No media source currently available

0:00 0:01:37 0:00
Линкана тIе

Юсупов ИбрахIим

Керла луо

1.

Керла луо - дуьххьарчу шелонан пардо -
Ахь латта гIорадеш, сий Iаьнан лардо.

Хьо-м Iуьллу сапаргIат, сов кIеда, аьхна.
Шовдано хийлазза хьоьх иллеш даьхна.

Ахь баххьийн куйнашна тир йоккхуш гонах,
Дайн лаьмнаш къеждо-кха, буц къежйо къона.

Гуьйренан куза тIехь яржаеш жIамарш,
Хьайга мел хьаьжначе бойту ахь тамаш.

Суьйранна бутт кхетча, серсаеш серло,
Седарчийн серлонгахь хьо даим сенло.

Керла луо… Сан дагтIехь дахаран пардо
Кхолламо сурт хIиттош, ойлано дардо.

Цкъа айдеш сан дагар, цкъа шелбеш кийра,
Со вахчош дахаро, хетац хьо хийра…

2.

Керла луо… Салазо гIо хьоькхуш гара,
Деха ши сиз дуьту сов кIайнчу арахь.

Шовданан хьожа йогIуш керлачу лайнах,
Цо токхвеш, мел беха некъ аса лайна.

Салазан сиз хадош, некъ буьллуш Iинчу,
Экханан лар яхна сирлачу хьуьнчу.

Керла луо… Турпалчу сайн халкъан кийра
Некъ билла сатуьйсуш со хIинццалц Iийна.

Лууш ву беркато сайн кхане екхо,
ГIуллакхийн хIу тосуш Нохчийчоь хьекъо.

Лай тIера экханан лар санна, къаьсташ
Хилийта лууш ву Даймехкан бIаьстеш.

Iожалле гIо хьаькхна, додарх сан дахар,
Сан кхиэлан пайде сиз дуьсур ду даха.

Хоттане, 1973 шеран январь

Юсупов ИбраьхIим, нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG