ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIом бина экс-депутат арахецна "бIоргIанера"


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь тIом бина Свердловн кIоштарчу низамаш дохучу гуламан депутат хилла Ряпасов Максим дIахецна психиатрин дарбанан хIусамера. Цунах лаьцна хаам бо "Уралинформбюро" агенталло. Ша цIаверзарх лаьцна хазахетарца хаам бина цо Facebook-хь.

Ряпсовс дийцарехь, цхьа шо гергга хан яра иза цIахь хиланза. Экс-депутат дIалецира ницкъаллин структурийн белхахоша 2018-чу шарахь, десантхойн де даздеш шен петаран балконна тIера цо полисхошна герз диттинчул таьхьа. Кхело сацам бинера цунна психиатрин дарбанан хIусамехь нуьцкъала дарба дан.

Нохчийчохь лерринчу тобанна юкъахь тIом бина ветеран дуьххьара кхочуш вац "бIоргIане". 2014-чу шарахь Ряпасов психиатрин клинике хьажийра, цо полисхочунна цергаш тийсинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG