ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къен нехан терахь ду Оьрсийчохь 21 милллион стаг


Къен нехан терахь алсамдаьлла Оьрсийчохь. ХIинца иза ду 21 миллион стаг.

Кхушара Мангалан баттахь Оьрсийчоьнан вице-премьеро Голикова Татьянас, "Известия" газетана ша еллачу интервьюхь дIахьедар динера 2018-чу шарахь 400 эзар стагана лахделла аьлла къен дахар хьоьгучу нехан терахь.

Амма Росстато далочу терахьца, кху шеран хьалхарчу кварталехь (3 бутт) мелхо а къечу нахах дIакхетта кхин а 500 эзар стаг. Цу кепара Оьрсийчохь къен лоруш ву 21 миллион вахархо.

Карарчу хенахь Оьрсийчохь хIоранна а ваха оьшучу уггар лахарчу рицкъан барам бу 10 эзар 753 сом.

2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан халкъан бахаман а, пачхьалкхан белхан а академино бинчу хаамца, бахархошна шаьш къен хетачу регионашна юкъахь хьалхара меттиг дIалоцуш яра Нохчийчоь. 57% гергга республикерчу бахархоша аьллера шаьш къен ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG