ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин керла хьаькам хIоттина Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIала, Нохчийчоь
Соьлж-ГIала, Нохчийчоь

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Соьлж-ГIаларчу урхаллан керла хьаькам хIоттийна Кадыров Ахматан цIархчу полкан куьйгалхо хилла Ирасханов Аслан. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Ирасханов ву Кадыровн юьртахо. 5 шо дара иза Кадыровн цIархчу полкан коьртехь волу. Ткъа цу дарже Ирасханов кхаьчнера Шуьйтан кIоштан полицин хьакам волчура.

Кадыровн полкан куьйгалхо хIоттийна Бенара схьаваьлла Ножа-Юьртан кIоштан ОВД-н штабан хьаькам хилла полицин подполковник Чалаев Замид.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG