ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Беллачийн гIалахь" девне сурташ даьхьна жима стаг


Даргаван чIожера 95 доьзал дIабоьллина некрополь .
Даргаван чIожера 95 доьзал дIабоьллина некрополь .

Пятигорскера 18 шо долу вахархо жоьпе озийна Iедалша, "Къилбаседа ХIирийчуьрчу "Беллачийн гIала" некрополехь, кара туьта а лаьцна, сурташ дахарна. Полисхошна вуно сиха карийра и жима стаг. Беллачу нехан декъий а, кешнаш а сийсаздарна 15 эзар сом гIуда тоьхна цунна кхело.

Девне сурташ арахацнера бехкевечун Instagram-чу агIонехь. ХIинца уьш дIадаьхна ду. Иза хиллачул тIаьхьа Къилбаседа ХIирийчоьнан культуран министралло туристашна дIакъевлира "Беллачийн гIала". КIира даьлча и дехкар дIадаьккхира. ХIинца и кешнаш лардеш ду, ткъа туристаш цига буьтуш бу, хьалха ваьлла экскурсилелорхо а волуш.

Даргаван чIожера 95 доьзал дIабоьллина некрополь историн а, этнографин а музей ю. И кешнаш гучудевлла 17-гIа бIешо долалуш. Амма дукхах болу нах цигахь дIабоьхкина 18-19-чу бIешерашкахь, лаьмнашкахь Ӏаьржа ун даьржинчу хенахь. Вала цамгар кхетта ламанхой, шайх гергарчарна а, юьртахошна а ун ца далийта, цу кешанашка а боьлхий, бехаш хилла Iожалла тIекхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG