ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къежа а къежаш, тIехь ницкъбо цара"


Кутаев Руслан
Кутаев Руслан

Кху беттан 25-чохь ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело лаьцна витина журналист Майсигов Рашид. Боккхачу барамехь наркотикаш лелийна цо аьлла, бехк кховдийна цуьнга. Майсиговн истори ю - меттигерчу журналисташна а, жигархошна а наркотикашца доьзна дуьхьалдохучу гIуллакхийн рогIера сери.

Байначу беттан 12-чу дийнахь цуьнан цIийнах хьовсучу заманчохь кIайн хIур чохь жима тIоьрмиг карийна, тIаьхьо героин хилла иза аьлла, дIахьедира. Ишта карийнера Гуьржийчоьнах лаьцна кехаташ а. Майсигов Рашида бехк тIе ца буьту. Адвоката дийцарехь, Рашид дIалаьцначул тIаьхьа ницкъбина хилла цунна тIехь: "цуьнан лергех" серий а тийсина, ток еттийтина. Хьалхо журналисто аьллера, ша бен болх бахьана долуш кхерамаш туьйсура шена, доккхачу декъанна, нохчийн-гIалгIайн дозанех хиллачу берта дуьхьал йолийна протестех дийцар бахьана долуш.

Майсигов Рашидна дуьхьал наркотикех айдина гIуллакх дуьххьара дац Къилбаседа Кавказехь. 2016-чу шарахь колонехь даккха кхо шо туьйхира "Кавказский узел" агенталлан журналистна Гериев Жалавдина, наркотикашна тIехула. 2018-чу шарахь оццу бехкана таIзар текхира Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочо Титиев Аюба.

Ткъа дуьххьара кхеле озийнраг вара Кавказан къаьмнийн Ассамблейн президент Кутаев Руслан. Наркотикаш лелош хилла цо аьлла, 3 шо а, 10 бутт а хан туьйхира цунна набахтехь яккха. Амма Кутаев ша а, цуьнан адвокаташ а тешна бара цунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх политикан бух тIехь дара аьлла. Иза лаца масех де хьалха, 2014-чу шеран Чиллан-беттан 18-чохь конференци вошахтоьхна, дIаяьхьнера цо 1944-чу шарахь нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махках даьхначу рогIерчу терахьна лерина. Конференци дIахьон де дийцаредина дацара, и де Чиллан-дийнера Стигалкъекъа-батте дIатеттинчу мехкан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца.

Кутаев Руслана ма дарра дийцина Маршо Радион оьрсийн сервисе шена дуьхьал гIуллакх муха даьккхира а, Къилбаседа Кавказехь Iедална резабоцучарна дукха хьолахь наркотикаш дуьхьал стенна йоху а.

- Эхь-бехк, ларам боцуш дара суна дуьхьал даьккхина гIуллакх. Соьгара яьккхина боху героин, суна цкъа а бIаьрга гина а яцара. Йа сан кисана ца теснера цара иза, йа сан кисанара хьала ца яьккхинера. Кхелахоша сан хьокъехь сацам бовзуьйтучу хенахь ас дехар дира суьдхочуьнга, суна гайта мукъна а гайтийша соьгара шаьш яьккхина бохург аьлла. И гIуллакх фальсификаци хиларх дуккха а тоьшаллаш дара: оперативан белхахошлахь болчу тешаша мукIарло дора, амма цара дуьйцург ког-корта а боцуш хуьлура, ша прокурор а воьлура царех.

Масала, со дIалаьцначу тобане хеттарш до. Цхьанга хотту: "ТешхIоттийнарг ахь муха валийра?". Цхьаммо боху: "Машенахь валийра". Вукхо боху: "Цхьа тIехволург ша тIевеара тхуна". КхоалгIачо боху: "Оха тIекхайкхинера иза". Гуш дара фальсификаци юйла. Амма кхелахочо тергал ца дора. Ишта тергамза дитира суна тIехь къизаллаш лелийна хилар а.

Дарбан цIийне а валийна, рентгенан суьрташ доху, сан пIендарш дара кегдина. Суна а хезаш цхьанга телефон етта талламчас, тIаккха боху: "ДIакхоса и рентгенан сурт, материалаш юкъа дахийта оьшуш дац".

ХIуммаъ ийза а ца луш, хьуна юьхь дуьхьал къежа а къежаш, ток йоьттуьйту хьуна, етта а етта хьуна, - ишта вовшахтоьхна дара сан гIуллакх. Суна дага а догIуш, цхьана а политикан оппонентна дуьхьалъяьккхина яцара 228 -гIа артикл – наркотикаш лелор. Амма сол тIаьхьа юкъадаьккхира и ламаст Нохчийчохь. "Кавказский узел" агенталлан корреспондентан Гериев Жалавдин а, "Мемориалерчу" Титиев Аюбан а гIуллакхаш дуьйцу ас.

Цул тIаьхьа кхечу регионашкахь а долийра – Ставрополан кIоштарчу Кавказан къаьмнийн Ассамблейн векална Савостин Михаилна дуьхьалдаьккхира, масала.

– Со кхетарехь, юьхьанца дуьйна хьуна дуьхьалдаьккхина гIуллакх нохчийн къам махках даккхарна лерина ахь хIоттийна конференци бахьана долуш Кадыров Рамзанца иккхина конфликт яра. Билггал и дарий бахьана?

– Дара, цуьнан цхьа а шеко а яц! Кхул хьалха а хиллера сан проблемаш. 2000-чу шарахь лачкъийна вигира со. Ялх дей-буьйсий чохь даккхийтира соьга, суна сайна а ца хаьа, со стенгахь латтийра. Цул тIаьхьа юха а ши дей-буьйсий даьккхира ас чохь. 2007-чу шарахь а лецира со. Нижний Новгород, Иваново гIаланашкахь а лецира со. Оьрсийчоьнан регионашкахь а, Кавказехь а ас политикехь а, бакъонашларъярехь а бен болх бахьана долуш тIаьхьабевллера суна.

Ас сайн болх цкъа а сацийна а бац, цундела со царна бIаьргара чамхалг санна новкъа вара. 2014-чу шеран Чиллан-баттахь оха дIаяьхьна конференци - аьлларг цадар санна хIума дара, царна гергахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дихкинера цу тезетан дийнах лаьцна хьехор, ткъа ас и дехкар тIех а тосуш, пачхьалкхан хьукматан гIишло чохь дуьненаюкъара конференци дIахьо, Нью-Йорк а, Париж а, Лондон а зIенехь а йолуш, гоьбевллачу юристаша а цхьана дакъа а лоцуш. ТIаккха собар кхачийра Iедалан, со "чуволла" сацамбира цара тIаккха.

- Ахь бечу балхаца хIун ца тайна хир дара нохчийн Iедалхошна?

- Дукха а меттигаш бара, нах лечкъош. Масала, 2013-чу шеран чакхенехь, ГIуран-беттан 29-чохь кхо кIант тIепаза дIавов. Цхьахволчуьн да вогIу со волчу. "Хьо тIаьххьара дегайовхо ю сан. Суна хаьа сайна кхераме дуйла, делахь а, хIара гIуллакх нахала даккхийтахьа вайга", - элира цо. Ас массо а меттигехь дуьйцу цунах. ТIаьхьо къаьстира, и бераш лазийна а хиллера: цхьанна автоматца кхаанхьа чевнаш йинера. Схьавелира и кхо кIант эххар а. Ткъа уьш дIабигар хIун дара хьуна аьлча, тIемалойн барзакъ тIе а доьхна царна, Керла шо тIекхочучу юкъанна седа баккха, олуш ма хиллара "результат" ян гIоьртинера полисхой. Цу тайпа хиламаш дуккха а бара. Дукхазза оцу юкъагIиртина ву со. Нохчийчоьнан прокурорца а, ФСБ-ца а 2000-чу шарера схьа дуьйна латтош бу хIара къийсам. Сайн юьхь къайла а ца йоккхуш, биллина латто къийсам бара иза. Ас бехкебора уьш нах байарна, лечкъорна. Бух болуш дохку бехкаш а дара уьш. Цундела, Iедалхошна гергахь, со уьш дарбен фактор яра.

– Тахана муха болх бо ахь? Цхьанхьара а тIеIаткъамаш хуьлий хьуна?

- Нохчийчохь а, Кавказехь а болх беш ву со. Сан болх сецна бац цкъа а, ишта бакъонашларъярехь а цхьана. Сайн ницкъ мел кхочург до ас, нахана гIо дархьама. Iедалхоша цхьана а кепара беш тIеIаткъам бац суна, цхьаммо а хIумма а ца боху соьга. Делахь а, вайна хууш ма ду, цхьанхьара дуьхьало йоцуш хуьлийла а доций. Хьуна хьайна а хаа ца луш, тIехевшина бу-кх хьуна.

– Шайна цатовчу нахана наркотикаш кхуьйсуш, и метод харжаран бахьана хIун хета хьуна?

– Iедалхоша а, къайлахчу сервисаша а, полисхоша а кхи дIоггара шайна хало ца йо низамашца догIург лаха гIерташ. Наркотикаш - уггар а царна марзделларг ду. Цул совнах, Кавказехь бусулбачийн гIиллакхе -оьздангалле диллича, наркотикаш яхар – уггар а дастаме хIума ду. Цунна гIодан стаг цахиларал совнах, тешам а бов цунах.

Соьца чекх ца делира церан иза, хIунда аьлча, Оьрсийчохь а, дозанал арахьа а мел бехачу сан доттагIашна хууш дара, со цкъа а цигаьрка оьзна а, къаьркъанах къурд бина а воцийла. Нагахь санна, цара герз кхоьсинехь ша дара, - тешар бара тIаккха, борша стаг, кавказхо, хIаъ, герз хилла цуьнгахь аьлла. Амма кхузахь чкъург иккхира церан.

– Журналисташна а, бакъонашларъярхошна а тIаьхьабевлла стенна лела тахана? Шайна критика ен нах эвхьаза новкъара а бохуш, цхьана а хIуманах кхоьруш бац Нохчийчуьра Iедалхой?

- Ас эр дара, Оьрсийчоьно магийттинарг ду цара лелориг. Путина а, цуьнан гоно а тIедиллинарг ду иза. Iедал шайн буйнахь латто гIерта уьш, шайн режиман талхамзалла кхолла гIерта уьш, ткъа цул тIаьхьа дерриг а доьзна ду, муьлхачу регионехь церан тIебилламаш маса кхочушбо хаарца", - аьлла хета Кутаев Русланна.

Интервью кечйинарг Джанполадова Наталья

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG