Оьрсийчуьра 38% бахархой дуьхьал бу Путин Владимир 2024-гIа шо дIадаьлча а президентан даржехь висарна. Цунах лаьцна яздо "Ведомости" гаезто, "Левада-центро" бинчу талламна тIе а тевжаш. Кху тIаьхьарчу шарахь цу тайпа жоп деллачу нехан терахь алсамдаьлла 11%.
Путин кхин дIа а Кремлехь вита лаам гайтина 54% Оьрсийчуьрчу бахархоша. Жоп муха лур ду ца хууш бисинчу нехан терахь ду цкъа а ца хиллачу кепара лахара 8%.
Низамо бакъо ца ло Путин Владимирна моггIара кхозлагIа а президент хIотта 2024-чу шарахь. Говзанчаш чIагIдарехь, Кремлехь ойла еш бу, и кеп а ца йохош, Путинехь Iедал дитар хьокъехь.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ