ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан вахархо вийна ГIирмехь хиллачу некъахьовзамехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Некъаца бохам хилла оршотан сарахь 7 сахьт даьллачул тIаьхьа ГIирмехь "Таврида" трасси тIехь Феодосия гIалана гена доццуш, хаам бо "Ньюс медиа" зорбан гIирсо. Ца хуучу бахьанца, Нохчийчуьрчу вахархочо дуьхьал йогIучу МАН машенна кIелкхоьссина ша урхалла дон «ВАЗ-2114» машен. И бахьана долуш иза вийна. Машенна чохь хиллачу шина некъахочух цхьаъ лазийна ву.

ГIирмерчу орцаллан министро Шахов Сергейс бинчу хаамца, вийнарг ву 22 шо долу жима стаг. Цо билгалдаккхарехь, лазийна некъахо а ву Нохчийчуьра. Цуьнан ду 23 шо. Иза Феодосин дарбанан хIусаме охьавиллина ву. ШолгIачу некъахочун лоьрийн гIо ца эшна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG