ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Римма а, цуьнан бераш а. Шемара цIабалийначу доьзалан кхолламах


ВорхI шарахь шена гина боцчу Карагандарчу шен гергарчу нахаца цхьанакхета кечлуш ю йисна 28 шо долу Римма а, цуьнан 4 бер а. Гергара Малхбалера тIемаш боьлхучу меттигера цIабалийначу казахийн доьзалшлахь бу уьш.

Карагандарчу бакъонан а, социала-психологин а "Шанс" цIе йолчу центре Iуьйранна кхечира. Зударий а, бераш а Iуьйкъе еш бара, цул тIаьхьа шайн цхьацца гIуллакхаш листа дIасабовла деза церан: пачхьалкхан хьукматера кехат эца, йа лоьрана тIекхача. Массанхьа а уьш буьгуш улло бевлла бу центран белхахой. Мацалла а хьоьгуш, санитарин хьелаш телхинчу меттигашкахь хан яьккхинчу царех дукхахболчийн могушалла меттаялон езаш ю. Царех цхьаъ ю 28 шо долу Римма. Деа беран нана ю иза. Воккхахволчу доьзалхочун 8 шо ду, жимахверг хIинцца ши шо кхаьчна ву. Иза дуьненчу ваьлла 40 де даьллачу хенахь йисна Римма. Шемахь а, Иракъехь а болчу даIишхойх дIакхета Iалашонца дIабигинера шен доьзал цуьнан майрчо, Риммас бахарехь. Гергарчу Малхбалехь боьлхучу тIемашкахь вийна иза ша Бутт гергга хан ю кхуьнан доьзал леринчу центрехь дIатарбелла беха.

«ИНЗАРЕ ТIОМ»

2012-чу шарахь Мисарара дIаболабелира шен а, шен берийн а Шема боьду некъ, дуьйцу Риммас. Деша Iалашонца Казахстанера Мисара веанера кхуьнан майра шен доьзалца юьхьанца. ТIаьхьо Туркойчу дехьабевлира хIорш. Некъ юккъе баьллачу хенахь бен шена ца хиира боху Риммас, шаьш Шемахь совца дагахь дуйла.

- Со йоьлхура, цIийндега хоьттура ас: "Стенна даьхкина вай кхуза?". Кхераме ду кхузахь олура ас, амма сан берийн дас жоп лора, вайн маьршачу, кхерамза долчу меттигехь хир ду олий. Цхьана эхашарахь паргIат хан яьккхира оха, цул тIаьхьа гоне лецира тхо, иштта дIадоладелира дерриг а.

Доьзалан аьтто баьллера Иракъе дехьабовла. Риммас дийцарца, цуьнца цхьана новкъабевллачух цхьаберш белира, бисинарш йийсаре лецира. "Инзаречу тIаме" нисделлера шаьш боху Риммас, Иракъехь.

- Даим а цIаян лууш яра со. Амма хьан бакъо яцара хьайн цIа яха лаьа аьлла, дIахаийта: йа чуйуллур яра со, йа юьйр яра. Нислора нах бевдда меттигаш а. ТIаьхь-тIаьхьа гIад дайнера тхан: ахча а, юург а кхачийнера. Некъ бихкина бара, тхайн кареанарг юура оха: буц, кIа, дуьйраш. Берийн хьераша ца лара хIуъ-хIуъ а, дуккхаъ а баларш хуьлура царлахь. Мацалла, гIора эшна, цамгарех, чевнех дукха нах белира. Молханаш дацара. Дийна боллушехь бахкалуш бара нах, царна нIаьний туьйсура. Сайн бIаьргашца гира суна: хиина Iаш зуда, цунна тесна нIаьний. Iеттийра со и сурт ца лайна, - дуьйцу Риммас.

ЦIА БОЬДУ НЕКЪ

Дукха гуллуш бара жоьра бисина зударий. Уьш вукхарна юьстах латтош бара, "ирчачу хьелашкахь". ЦIийндай болу зударий цхьана бехаш бара, итт-итт доьзал цхьана тховкIел нисбина. ТIаккха бисина зударий дIатарбан царна маре баха меттигаш лоьхура. Масийттазза маре бахна зударий емалбечу нехан дешнаш "ца тов" шена боху Риммас. Дийна дисархьама шаьш лелийна бахьанаш дара уьш боху цо. Ша дуьхьалхилира боху цо, юха а цхьанна цIартIе яла.

- Эвлан гонашкахь дехаш дара тхо, нехан хIусамаш чу а хIуьттуш, сагIа доьхура оха. Тхайна четарш тухура оха чохь Iен. ДагадогIу суна, сайн воккхахволчу кIантаца юучунна рогIе хIотта даханера тхойша. ЮхадогIуш генара бIаьрг кхийти, тхан четарх бомба кхетта хилар. Сан доттагI яра цу чохь берашца йитина, цунна жимма геригаш еттаеллера, сан берех хIуммаъ а хьакха ца деллера. Доьзалхочух йолу нана а, цуьнан бер а дара уллохь делла Iуьллуш. Кхечу цхьайолчу четаршкахь а нах байинера: зударий а, бераш а.

Сан воккхаволчу кIанта гIо дора суна. Детташ герзаш а долуш, хи дан воьдура иза. Хи эца чувусура, массо а гонах снайперш хуьлура. ЦIе лато цхьацца горгамаш а гулйора цо. Вовшашна гIо а деш, хене дуьйлура тхо. Мацалла ца дала, юург а тхаьш лохура, тховкIело а тхаьш. Караеанчух вовшашца дакъа а дора оха, - дуьйцу Риммас.

Шен дегара а, ненера а хиира шена боху цо, Казахстанан бахархой Iедалхоша цIаберзош хиларх. Ехха Iийра ша боху Риммас царна ша йолу меттиг билггал ца хоуьйтуш, амма уьш шекхиллера боху цо.

- Деттачу герзашна а, бомбанашна а корта хьалатаIо йиш ца хуьлура тхан. Яьхначу окопаш чохь Iен марзделлера тхо, амма цунах а дуьхьало ца хуьлура, нагахь санна, тIехула детташ хIоьънаш хилча. Цхьана буса йиттинчу бомбанаша суна мел бевза зударий байира шайн берашца. Цул тIаьхьа майрадевлира тхо курдашна тIедаха. Цара некъ белира тхуна. Эзарнашкахь нах бара тхоьца. Четарех йиллинчу цхьана куьпа далийра тхо. Дукхахберш цIа баха лууш бара. Шайн рагI ларъеш Iара тхо. КхоалгIачу тептарехь нисъеллера со сайн берашца. Тхо гIад дахна а ца довлу, Казахстано тхаьш тIеэцарна. Кхечу пачхьалкхашкара зударий боьлхуш хуьлура, шайн даха меттиг бац, нагахь даймахка дIадахийтахь а, цигахь шаьш йа дойур ду, йа набахте хьовсор ду бохуш, - дуьйцу Риммас.

Берийн психикана Iаламат боккха тIеIаткъамбина тIамо. Къаьсттина шен 6 шо долчу йоьIан могушаллина ницкъбина боху Риммас. Еххачу хенахь тийна-таьIна, даим а йоьлхуш, адамех кхоьруш хан яьхьна хиллера цо. ТIаьхьа юург яа а, ловзаргех ловза а йолаелира. Римма тешна ю, гергарчу заманчохь ша тIеэца реза хиллачу шен дена а, нанна а тIейохуьутйр ю ша аьлла. Керла дахар доло лаам бу цуьнан - цхьанхьа балха хIотта Iалашо ю, курсаш а яьхна.

ЦIАБАЬХКИНАРШ

Гергарчу Малхбалерчу тIемашкара цIаялийна 15 зуда а, 34 бер а чекхдаьккхина Карагандинскан кIоштарчу центрашкарчу социалан адаптацех. "Шанс" центран куьйгалхочо Полюхович Каринас дийцарехь, царна адаптаци а, реабилитаци а еш накъосталла дина ца Iаш, гIо до документаш меттахIитто а.

- Бераш дуьненчу довларх а, и зударий оцу божаршкахь марехь хилла хиларх а тоьшаллаш а, Казахстанан территори тIехь дуьненчу девллачу берийн кехаташ а юхаметтахIиттош ду. Ишта ДНК-экспертиза йина, и бераш билггал оцу нанойн дуй хьовсуш. Документаш дIанисдан хIинца жамIаш лардеш ду тхо, - дийцина Полюховича.

Шемара а, Иракъера а цIабалийначарна дерадикализаци а, реабилитаци а еш таханалерачу дийнахь Казахстанехь 13 центр ю. Карагандинскан а, Жамбылскан а, Актюбинскан а, Атыраускан а, Акмолинскан а, Алматинскан а кIошташкахь белхаш беш ю и центраш.

Стохка аьхка Азаттык Радиога хаамбира къоман кхерамзаллан комитето (КНБ), Шема а, Иракъе а верриг Казахстанера дIавахнарг 800 гергга вахархо ву аьлла. Церан зерашца, дуьненаюкъарчу организацеша Гергарчу Малхбалехь шайн куьйгакIел латточу территореш тIехь 120 гергга казахийн божарий а, 250 сов зударий а, 500 гергга бер а ду.

Официалан информацица, "Жусан" операцин гурашкахь Казахстанан къайлахчу сервисаша цIаберзийна Шемара карарчу шарахь 516 стаг, шайлахь 360 бер а долуш. Цхьа могIа цIабалийначу божаршна а, зударшна а дуьхьалдаьхна бехкзуламан гIуллакхаш. Доккхачу декъанна, уьш бехкебо "терроризмна пропаганда ярна" а, "цабезам марсабаккхарна" а.

Материалан автор Вебер Елена, гочдинарг Димаева Лиза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG