ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сугаиповас болх бийр бу ЧГТРК "Грозный" телеканалехь


Сугаипова Заира.
Сугаипова Заира.

Москох бакъонашларъярхоша орцадаьккхина хилла Нохчийчу цIаялийначу 20 шо долчу Сугаипова Заирас болх бийр бу Сугаипова "Грозный" телевизионехь. Цунах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиига цу телевизионан директоро Дудаев Ахьмада.

"Мосварчу лоруш йолчу лаккхарчу дешаран меттигехь цо журналистан дешар дешнехь, суна хетарехь, цуьнан зеделларг а, хаарш а тхуна оьшур ду", аьлла Дудаевс.

Цкъачунна хууш дац Сугаипова болх бан маца йолалур ю.

Сугаипован исторех лаьцна яздира дуккха хан йоцуш Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша. Иштта 20 шо долу йоI Москох гIалара маре яхийта Нохчийчу бертаза цIайигина цуьнан гергарчара, бохуш яздира Товбеца-беттан 13-хь «Медиазона» интернетан зорбан гIирсо, жигархочун Серенко Дарьина тIе а тевжаш.

"Дас аьллера цуьнга ша иза Нохчийчу дIаюьгур ю маре яхийта. ЙоIера паспорт дIадаьккхинера, ткъа иштта дихкинера араяла а, деша яха а", - чIагIдора жигархочо.

Шен халонех лаьцна Сугаиповас яздина хиллера "Правовая инициатива" бакъонашларъярхойн юкъаралле. Цо дийцинера, нагахь кху аьхка ша дIайодахь, билггал юха йогIур яц ша бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG